Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Арабаха кечбинарш: стенна яьхна Украино кавказхошна дуьхьал санкцеш

Арабаха кечбинарш: стенна яьхна Украино кавказхошна дуьхьал санкцеш

Украинехь бIеннашкахь бу депортацин тептара язбина Къилбаседа Кавказера нах. Официалехь и таIзар хьажош ду «тутмакхийн эланашна», криминалан авторитеташна дуьхьал. Ткъа долчу хьоле диллича, тIеIаткъам беш нисло ханна а, даиманенна а махкахь баха мигийначарна а тIехь.

Санкцийн тептар Украинан президенте хьажийнарг ю Халкъан кхерамзаллин а, тIамах къам Iалашдаран а кхеташо (СНБО) – пачхьалкхан куьйгалхочунна хьехамаш бан бакъо йолу урхалла. Амма и кхеташо вовшахтоха бакъо яц къайлахчу сервисийн бен. Санкцеш ю арахьара тIебаьхкинчу нехан банкашкара транзакцеш юхаяхарна, латта а, гIишлош а оьцуш бина мах бохорна а тIехьажийна, магадо и тайпа нах махкахбаха а.

Украинан "Санкцех" долчу низамо бахарехь, дехкарш ханна тухуш ду. Делахьа а, СНБО-н тептара баьхначаьрга дIахаийтина даиманенна а Украинан дозанал чоьхьабовла царна доьхкуш хилар. Президентан сайта тIехь и документ гучудоллушехь, нийсса де даьлча, леца болийра полицино тептара язбина къилбаседа-кавказхой.

"Дукха хан яра со цара тергалво"

Махкахбаха къастийна нах сахьташкахь кхобу полицехь, лаамехь дIабоьлху, алий, куьгтIаIаде, бохуш. Кхо де-буьйса ло кечбала. ДIабаха резабоцурш, кхелан сацамашка ла а ца доьгIуш, арабохур бу, боху, мел иза низамехь дацахь а. Миграцин урхалло дуккха а нах арабаха сацамаш тIеэцна. Амма нисло стаг, цунна пачхьалкхехь ваха елла бакъо хьа а ца еш, аравоккхуш.

 

Дагестанхо Шемал а, цуьнан воI-студент а – дукха хан ю уьш Украинехь беха а, царна баха бакъо елла а – нисвелира махкахь долийначу лецаршна кIел. Шаьш махкахдаха кечлуш яра къайлаха сервисаш, аьлла хета цунна.

"Соьгахь даиманенна махкахь ваха елла бакъо ю. Иза дIа а ца яьккхина, лаьцна полице а дигина, кхо де ло шаьш аьлла макхахдовла. КIант университет яьккхина волу кхушара. Къамел деш, цара соьга сан дерриг а дахар охьадиллира, шеко яц, уьш со тергавеш, сан телефоне ладоьгIуш Iийна", – боху Шемала.

СНБО-н тептаршкахь Украинан паспорташ долу кавказхой а бу. «Авторитеташна» документаш даха хала дац коррупци лелачу махкахь. Амма дагестанхо Мирзоев Аслан Украинан паспорт долуш ву Советан Iедал духуш дуьйна а.

"Со цецваьллера санкцийн тептара со Оьрсийчоьнан Федерацин вахархо ву аьлла дIаязвина карийча. Со ца хилла Оьрсийчоьнан вахархо цкъа а, 30 шо хьалха хийцина ас Советан пачхьалкхан паспорт Украинан паспортах", – элира Мирзоев Кавказ.Реалиига.

Санкцеш бахьанехь цуьнан фирмина банкаца йолу юкъаметтигаш йихкина – иза ша ву цуьнан да. Ша санкцешка язвар Украинан къайлахчу сервисаша ша шерашкахь тергалвина хиларца дузу Мирзоевс.

"Кхо шо ду суна со леррина тергалвеш хаало. Дубайра цIакхочу – масех сахьтехь латтаво дозанах чекх ца волуьйтуш, йиллина хаало сайна тIаьхьалела машен, массийтазза хилла цIахь а, офисехь а тутмIаьжигашкахь баьхкина нах - цхьа а бахьана а доцуш. Сан юристаша официалехь динчу хеттаршна дуьхьал луш дац кхеттош жоп. Сан машенахь нисвелла сан кIант сацийна, ерриг машен аьхкина, цхьаъ лохуш, хIун лоьху а ца олуш", – дуьйцу дагестанхойх волчу Украинерчу бизнесхочо.

Мирзоевс бахарехь, масех шо ду иза ша винчу меттигашка, гергарнаш болчу кхачалуш воцу – чекх ца волуьйту дозанах Оьрсийчоьнан агIоно.

"Низамна тIехь эрадаккхар"

Тептара язбинчу нахалахь шайн битамашца къастош бу Ушарма Шайхан батальонера тIемалой-лаамхой. Батальонан буьйранчас ЧIебарлойн Муслима Кавказ.Реалиица ша динчу къамелехь бахарехь, къайлахчу сервисийн векалша официалехь доцчу къамелашкахь тIемалошна дуьхьал санкцеш яхар гIалат ду, сацам бехктакхаман гIуллакхаш айдина хиларца боьзна арахецна, олу.

"Махкахдохур дац, аьлла, Украинехь бийр бу таллам, боху. Амма иза деккъа дIа къамел бен а дац", – билгалдаьккхира ЧIебарлойн Муслима.

Цо дийцарехь, санкцеш кхайкхо денош дуьсуш полицино юха а бехк тIебаьхьна тхан бIаьхочунна Сайнароев Салманна.

"Туька яьхна аьлла, тIекхоьллина эладита а долуш, изоляторехь шо даьккхина Салмана, амма дареш ца карийна. И дов юхадендина хIинца. Тхан штабан куьйгалхо Идрисов Муслим а ву низамехь а доцуш герз лелорна жоьпе ийзош, герз цуьнгара тоххара дIадаьккхина", – дуьйцу батальонан буьйранчас.

Масех шо хьалха батальонера дIавахана кхин ши нохчо а ву санкцийн тептарахь –дуьххьара еш новкъарло а яц иза батальонна, боху цо.

"Тхуна диц ца делла тхайн бIаьхой Тумгоев Тимур Оьрсийчу, Акиев Руслан Молдове дIахьажор", – элира батальонан куьйгалхочо.

Санкцеш – дикка кечам а бина, нохчийн тIемалошна-лаамхошна дуьхьалъяккхина акци ю, иза иштта хилар гойту уьш сийсазбеш яржийначу информацин кампанино, тешна ву ЧIебарлойн Муслим.

Оьрсийчоьнехьа йолчу цхьана интернет-ресурсо санкцеш кхайкхошшехь яздира, батальонан бIаьхоша а, цуьнан куьйгалхочо а Донбассна уллехь, тIеман хьоло доза тухучу меттехь, контрабанда куьйгакIел латтайо, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашца юкъарлонаш а леладо, Украинан малхбалехь болчу, шайх пачхьалкхаш олучу мехкашца гергарлонаш а латтадо, аьлла. Шега и информаци Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу къайлахчу хьасто елла, бохура портало.

 

"Масех шо хьалха Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша бохура, тхо Украине далийнарг а, тоьлла герз тхан караделларг а Малхбузе ю. ХIинца тхо ФСБ-на болхбеш ду боху. Оцу провокаторшна хеназа-м дацара шайна хетачунна тIехь къастабелла бовла", – воьлу нохчийн лаамхойн буьйранча.

Шаьш санкцийн тептара язбар кхеле даьккхина батальонан штабан куьйгалхочо Идрисов Муслима а, кхин шина бIаьхочо а. Оцу аьрзнех хиндерг ала цкъачунна хала ду, боху Киеверчу адвоката Красник Станислава.

"Дуккха а нах, санкцийн тептара а язбина, махкахбаха кечбар дуьххьара йоккхуш гIулч ю пачхьалкхо", – элира цо, СНБО-н сацамна комментари еш.

Адвокатна хетарехь, кхелашкахула листарал сов, президентан буьйр политикан сацамца хийцийта а гIерта беза нах. И санна болу хийцамаш беш меттигаш а яьхкина, билгалдаьккхина ЧIебарлойн Муслима.

"Оьрсийчоьнан Iедалца гергарлонашкахь хила тарлуш болу нах дIабаьхна санкцийн тептарара. Оьрсийчоь езаш боцчу нохчех Украина цIан а йина, Москвана муьтIахьберш чубаржо гIерта", – тешна ву батальонан куьйгалхо.

Санкцийн тептаран автор схьакаро гIертар эрна ду, ца къастаделла, мила ву оцу юкъаязбинчу нехан бакъонаш талхошверг: "СБУ-но а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а вовшашна тIетоьтту", - боху бакъоларъярхочо Захаров Бориса.

Кавказ.Реалиина комментари луш, Захаровс дагадаийтира тховкIело йоьхурш а, статус елла бехарш а мухIажарех йолчу Конвенцино шаьш схьабевллачу пачхьалкхан карабала доьхкуш хилар.

"Низамна тIехь эрадаккхар" ду пачхьалкх омранашца урхалла дан йолаяр, Iедална узурпаци ян гIертар гойту битам бу иза. Тоьлуш дерг санкцеш юхаяхар бен дац, боху Захаровс.

Кавказ.Реалиино кавказхой лецарна, махкахбахарна бухадиллинчух лаьцна комментари яр доьхуш, официалехь кехат хьажийра Украинан Кхерамзаллин кхеташоне, амма цо жоп ца делла.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Найден материал на господина Шойгу? Ждем следующих генералов "на выход"

Атака на Беларусь — первый шаг сотрудничества Армении и США? (Пашинян сделал ряд резких заявлений в отношении Минска)

Музей Победы ко Дню медика открыл новую площадку

Коворкинг – больше чем офис: свобода, сотрудничество и инновации в едином рабочем пространстве будущего

Музыкальные новости

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Город-десятимиллионник // Квартир дешевле в Москве остается все меньше

Выставка-посвящение «Первая дама советской скульптуры»

Джиган и Оксана Самойлова привели на “Премию Муз-ТВ” в Москве ту самую “диско-бабушку из Сыктывкара” – любимицу Сергея Лазарева

Новости России

Атака на Беларусь — первый шаг сотрудничества Армении и США? (Пашинян сделал ряд резких заявлений в отношении Минска)

Коворкинг – больше чем офис: свобода, сотрудничество и инновации в едином рабочем пространстве будущего

В Москве выставили на продажу редкий Mercedes-Benz SLR McLaren за 100 млн рублей

Музей Победы ко Дню медика открыл новую площадку

Экология в России и мире

Гастроэнтеролог Садыков рассказал, как не допустить отравления бутилированной водой летом

Сэкономить и оторваться с Angsana Velavaru

Более 340 тыс. кв м асфальта отремонтировали во дворах Подмосковья

Магазин "Стильпарк" в новой концепции открылся в Москве

Спорт в России и мире

Рафаэль Надаль пропустит Уимблдон ради подготовки к Олимпиаде

Хачанов вылетел с турнира ATP в Хертогенбосхе после первого же матча

Медведев и Сафиуллин сыграют в паре на турнире в Галле

«ITF решила пойти по пути WTA и ATP, которые давно допускают россиян» — Янчук

Moscow.media

Портативный ТСД корпоративного класса Saotron RT-T70

Всегда на связи: проводная гарнитура Fstyler FH150U от A4Tech

Всегда на связи: проводная гарнитура Fstyler FH150U от A4Tech

Закат на Катуни







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *