Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Дагестанца долчу дозанех лаьцна "мичча хенахь а" дийцарш дан кийча ду шаьш аьлла Нохчийчохь

"Вести республики" газетан корреспондентан хеттаршна жоп лучу нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада хьахийна Дагестанан бахаман министраллан векалша шина регионан дозанех лаьцна динчув дIахьедарх. Дагестанерчу шен коллегашца конструктиве дийцарш дIадахьа даим а кийча ву ша аьлла, билгалдаьккхина спикеро, ишта административан дозанаш къасточу пачхьалкхан комиссин куьйгаллехь а волчу Даудовс.


"Мичча хенахь а охьаховша кийча ду тхо. Вежараллин шина махко муьлхха хаттар а вовшашца дага а бовлуш, вовшашка ла а дугIуш, лулахойн юкъаметтигаш чIагI а еш листа дезаш ду", - аьллачу Даудовн дешнаш далийна "Грозный" телеканало.


Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанашкарчу къовсаме девллачу дакъойх хьахийра ишта кху деношкахь шен пресс-конференцехь меттигерчу латтанийн а, бахаман а министро Эминов Заура.

Цо бахарехь, дага а довлуш, вовшашца компромиссе а боьлхуш ситуаци ерзалур ю.


"Пачхьалкхан чу-ара ца баккхалучу бахаман реестре баьхна Нохчийчоьно цунах хаамаш. 2008-чу шарахь бина оха и болх. Цуьнца доьзна гучудуьйлу кхачамбацарш. Оха хIинцале а дIахаийтина, тхаьш дийцаршна кийча хиларх. Иштта позици ю луларчу республикан а. Тхайх хабар схьа ма туьйххи, тхо кийча ду дийца а, пачхьалкхан реестрехь оьшу хийцамаш бан а", - аьлла министро.


Стохка Чиллан-баттахь Даудовс дIахьедира, Нохчийчоьнан муниципалан кIошташкахь пачхьалкхан чу-ара ца баккхалучу бахаман реестре дозанаш дохуш белхаш берзийна шаьш аьлла. Дагестанан Iедалхоша жоп делира, шаьш довлаза ду Нохчийчоьнца дозанаш балгалдаьхна, цундела процесс йирзина олийла дац аьлла.


2019-чу шарахь вовшахтуьйхира субъектийн дозанаш къастон комисси: Нохчийчоьнан агIор цуьнан урхалле хIоттийра Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад, Дагестанехьара -цуьнан коллега Шихсаидов Хизри. ГIалгIайчоьнца дозанша къасточу комиссин куьйгаллехь  а вара Даудов. "Нохчийн Республика" аьлла, социалан машанашкахь масийттаза у туьйхира Дагестанца дозанехь йолчу кIошташкахь.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *