Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ставрополехь нускал дадор толлуш ду

Меттигерчу шина вахархочо маре йига дагахь  йоI ядийча долийна бехктакхаман гIуллакх толлуш ду Нефтекумскерчу кхело. Талламан версица, Чиллан-баттахь 33 шо долчу жимчу стага шен 30 шо долчу накъостаца цхьана лачкъийна йигинера 26 шо долу йоI, цо болх бечу меттиге а веана. Благодарный олучу гIалахь оцу дийннехь карийнера йоI полисхошна. Шинна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдира "Стаг вадор" аьллачу артиклехь. ДIасавалар а дихкина, цIахь лаьцна латтош ву и шиъ.


"Кавказский узел" интернет-ресурсан хаамашца, тIаьххьарчу итт беттачохь Ставрополехь нисделла шолгIа гIуллакх ду иза.


Кавказ.Реалии портале Дагестанан Институтан  историн, археологин, этнографин а декъан куьйгалхочо Абдулагатов Заида дийцарехь, кест-кеста нислуш ду зуда ядийча кхелехь къестораш хилар.


Цо бахарехь, дукха хьолахь, йоьIан лаамца нислуш ду иза, амма тIаьхьо цуьнан дас-нанас а бертаза йигинера олуьйту.


"Суна евза меттигаш, кIантаца барт а бой, йоI шен лаамехь цIера дIаяхана, хIунда аьлча, иза кхечуьнга яла гIертара. ГIуллакх кхеле кхаьчча, гергарчара нуьцкъаша ядийнера олуьйту оцу йоIе. Жимстаг чу вуллу. ШолгIаниг хилла дукха хан ю - суна бевзачу доьзалера кIант итт шарна чувоьллира, йоI реза хиллашехь, иза "ядийна" аьлла. Гергарчара кхерийна, ша ядийначунна дуьхьалъяьккхинера иза. И тайпа гIуллакхаш чолхе ду, хIунда аьлча, оцу кIантана тешнабехкца дерза тарлуш долу дела.  Амма йоI реза а йоцуш, иза ядийнехь, низамо болх бан беза цигахь", - дIахьедина Абдулагатовс.


Хьалхо Дагестанерчу Левашинскан кIоштарчу кхело меттигерчу вахархочунна ши шой ялх буттий хан кхайкхийра набахтехь яккха, маре йига дагахь йоI ядорна.


Стохка Лахьан-баттахь Дагестанехь меттигерчу яхархочунна арахь даккха кхо шо туьйхира зуда ядош гIо дарна.


Къилбаседа ХIирийчохь меттигерчу вахархочунна колонехь даккха кхо шой, бархI буттий кхайкхийра, юьйр ю бохуш, кхерамаш а туьйсуш, шен нускал петарехь бертаза латторна.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *