Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Гуьржийчоьнан латархо: Тбилиси ван дагахь ву Нурмагомедов

Ийначу кепехь латархочо Двалишвили Мераба дIахьедина, Дагестанера UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб аьхка Гуьржийчу ван дагахь ву аьлла.


"Цуьнан Iалашо ю - Гуьржийчуьрчу сан доттагIашца дикачух масех проект кхочушъян", - билгалдаьккхина гуьржийн спортхочо. Цо бахарехь, Хьабиб хьакъ вац цуьнца негативе хила, ткъа иза Сухуми воьдуш ву аьлла, дийцадаккхар, цунна хетарехь, цхьа Абхазерчу хаамийн гIирсаша яржийна информаци ю.


"Гуьржийчуьрчу ММА-н фанаташна хьоьху ас, позитиве хилар цуьнца. Иза вайн мостагI вац, иза вайн доттагI ву, вайца цхьана дуккха а диканиг дийр долуш а ву", - билгалдаьккхина Двалишвилис.


Дуьненаюкъарчу бераш Iалашдаран дийнахь, Мангал-беттан 1-чохь, Абхази вар Нурмагомедовс юкъахдаьккхина, "Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Гуьржийн а агIор Америко шена елла виза дIаяккхарца а, UFC-ца лела юкъарло а, Америкаца долу контракташ а дохарх болчу кхерамца доьзна а".   Ша-шех пачхьалкх олучу республикан спортан а, кегийрхойн а гIуллакхаш луьстучу комитето дира оцу кепара дIахьедар.




Absolute Championship Akhmat лиган вице-президенто "ХукВам" шоун эфирехь дийцира, Нурмагомедов Хьабибна 440 миллион сом (ялх миллион даллар) дала кийча ду шаьш, шайн клубехь иза латахь аьлла.





2021 шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб цо карьера ерзорца доьзна ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь.
Цхьанакхеттачу къаьмнийн организаци юкъайогIучу дукхахйолчу пачхьалкхаша Гуьржийчоьнан дакъа лору Абхази. Оьрсийчоьно къобалйина цуьнан пачхьалкхалла 2008 шарахь. Абхазино барт хIоттийна Оьрсийчоьнца цуьнан эскарш шен территори тIехь латто.


Текстехь нисъяла тарло ша-шех пачхьалкх лоручу Абхазехь лела терминологи а, топонимаш а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *