Ши пурстоп а вийна, полицин каравахана Сочера вахархо
![Ши пурстоп а вийна, полицин каравахана Сочера вахархо](https://gdb.rferl.org/92A5314A-856A-41CA-9BBF-3E4D125EEBAC_w800_h450.jpg)
Сочи гIаларчу вахархочо таллархочун топ тоьхна вийна, Адлеран кхелан сацам кхочушбеш, шен доьзал хIусам чуьра арабаккха веъна ши пурстоп.
"Стага ша хаийтина шегара даьллачух лаьцна, полицин каравахана", - хаам бо "Интерфаксо" Сочерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллина тIе а тевжаш.
Бохам хиллачохь таммаш болийна Iедалхоша.
Деношкахь Дагестанехь стаг вен гIортарх йолчу шеконца лецира 35 шо долу Хасу-Юртара вахархо. Шеца дов иккхинчу нахах цхьаъ лаза а веш, оьккху коьчал кхоьссина цо.