Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Вакцинаци юкъахъяьлла. Стенна ца лаьа Кавказехь коронавирусна дуьхьал мехий деттийта?

Вакцинаци юкъахъяьлла. Стенна ца лаьа Кавказехь коронавирусна дуьхьал мехий деттийта?

Оьрсийчохь вакцинаци муха дIайоьду гойтучу статистикехь Къилбаседа Кавказан регионаш тIаьххьарчу меттигашкахь ю. Иштачу хьелашна резавоцчу Дагестанан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Меликов Сергейс, белхашкара дIабовла беза, аьлла, оцу гIуллакхца ларош боцу кIоштийн куьйгалхой. Ткъа низамо магош дац нахе ницкъаша вакцинаци яйта. ХIун хета оцу хьокъехь Къилбаседа Кавказерчу медицинан говзанчашна?

Уггар кIезиг вакцинацех нах чекхбевлла мохк бу Дагестан, цигахь мехий ца деттийтина шайна 3,4% бахархоша бен. Нохчийчохь шозза сов лакхара ду и терахь - 7,5%. Къилбаседа ХIирийчохь уьнна дуьхьал мехий деттийтина бахархой бу 7%, ГIалгIайчохь - 9%, ГIебарта-Балкхаройчохь -  4%, Кхарачой-Чергазийчохь - II%, Ставропол-махкахь - 10%.

"Къонахоша санна барт бер вай. Оперативан штаб гулъер вай рогIехь –тIаьххьарчу пхеа метте нисъеллачу кIоштийн куьйгалхоша шайн лаамехь болх буьтуш кехат яздийр ду: "Соьга урхалла ца дало сайх тешийначу муниципалан декъах, соьгахь де дац сайн кIоштахь бехачу наханна кхерамзалла хIотто", аьлла. Дегабаам а боцуш, шен цIа гIур ву ишта куьйгалхо", – дIахьедина деношкахь уьнна дуьхьалоечу оперативан штабехь Меликовс.

Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира масийтазза билгалдаьккхина, коронавирусна дуьхьал вакцинаци мегар дац ницкъаша ян. Цо бахарехь, нах шайн кхетамо арабаха беза уьнна дуьхьал вакцина шайна тохийта. Ткъа Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташона гарехь, ницкъаша вакцинаци дIаяхьа тарло "пачхьалкхан а, бахархой кхерамзаллин а дуьхьа".

Дагестанерчу лоьрана Халитов Салимна хетарехь, проблема яц вакциница республикехь, деккъа дIа адамаш ца доьлху иза шайна тохийта, ца теша уьш Iедалх.

"Цкъа вакцинаци ечу цхтана метте кхаьчна со. Еса лаьтта иза, цхьа а вац чувахана, медикаш газеташ а луьстуш Iа. Нах ца теша Iедалх, цо халкъанна пайде хила тарлуш ечу пропагандех а ца теша, лору иза эрна, кхераме, цундела пебетта", – элира Халитовс Кавказ.Реалиига.

Меликовс вакцинацин рейтингехь тIаьхьара нисъеллачу кIоштийн дай даржашкара бохор бу бахар "хьаштдоцург" ду аьлла хета цунна, мухха а нисделча а дIаваккха везар ву даржера тIехьа нисвелла пхи куьйгалхо.

Официалехь вакцина тоьхна бу боху 3% дагестанхой, ткъа ма-дарра аьлча, бац мехий деттийтина оццул нах а, аьлла комментари йира статитистиканна "Пациентан мониторинг" цIе йолчу цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Увайсов Зияудина. Цунна хетарехь, вакцина ян сов хьашт долуш меттиг а яц Дагестан.

"Дагестанехь 70–80% гергга нах бу коронавирус лацна бевлла. Оцу нахана ца хета шайна вакцина тохийта оьшу аьлла, цундела нийса дац терахьашна тIетийжа", – билгалдаьккхира Увайсовс.

Цунна хетарехь, Меликов Сергейс аьлларг кIоштийн дайша шаьш нах ледара кхетабо бохучух туьду. Амма мехкан куьйгалхочо тесначу кхерамо хьаькамаш йоцу статистика кхолла, естон арабохур бу, боху цо.

ГIалгIайчохь коронавирусан вакцинах "цатешачаралахь" бу дукхаболу бахархой, боху меттигерчу лоьро-рентгенолога Ахильгов Ахьмада. Цудела кIезиг бу цигахь мехий шайна доьттуьйтурш.

"Суна сайн гонехь ца хаабелла вакцина тоьхнарш хьовха, иза тохийта лаам берш а. Хила-м тарло иштаниг цхьаъ-шиъ. Суна хууш, проблемаш ю лоьрийн вакцина яйта нах тIе цалеларца", – хаам бира Кавказ.Реалиин корреспонденте Ахильговс.

Цхьацца цамгаро дарбан хIусаме кхачийначу нахера, уьш чубахкале, лоьраша вакцинаци ярх долу тоьшалла доьху аьлла шена ца хезна, бохура цо. Мехкан куьйгалла гIеххьачул озало меттигерчу лоьрашна хетачух, элира Ахильговс: "Пандеми яьржича, лоьраша сихха бан болийра шайн болх, могашаллин министралло буьйр даре а ца хьоьжуш, къовса а лора цуьнца, шаьш лохура дерриг а оьшург эца спонсорш – хIетахь иштта бан безаш бара болх".

Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедало, ца йойту ша вакцинаци ницкъаша, чIагIдо, амма иза ца йича ца бовлучу хьелашка хIиттабо бахархой, элира цигарчу цхьана дарбан хIусамерчу белхахочо Калагова Гаянас

"Стационаре кхача, могашалла тоян, хуьлда иза эндокринологица, пульмонологица я кхечу цамгарца доьзна, кехат оьшу стагна вакцинаци йина аьлла. И кехат доцуш, дарбан хIусаме вижа некъ бац цомгушчунна. Изза ду санаторешкахь а. Иза низамца ца догIу, бакъо талхор ду. Ницкъаша цхьа а ца во декхаре, амма кхин аьтто ца буьту. Балха хIуттуш а оьшу изза кехат. Оцу хIилланца декхаребо нах мехий деттийта", – дийцира Калаговас.

Нохчийчохь вакцинацин статистика лакхайоккхуш шегарчу административан ницкъах пайдаоьцу Iедало. Кавказ.Реалиино яздина ма-хиллара, полици улле а йоккхий, нехан хIусамашка лела лоьраш. Цара герггарчу поликлинике кхойкху нах мехий деттийта.

Стигалкъекъа-баттахь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шогга къамел дира вакцинацина дуьхьалболчу нахах лаьцна. Ковид-диссиденташна лоьралла массарел а тIаьхьа ден, бохура цо, "хаийта, мел кхераме ду хIо ца тоьучу хенахь". Ткъа оцу къамело нах оьшIазбахийтина гича, яздира, уьш шех нийса ца кхетта.

"Пандеми юкъа ма-елли, болийра оха белхаш, хIинца а бу нехан могашалла шIалашъен болх дIахьош, дехкарш а дац сов луьра, мехий деттийтар – иза цхьа некъ бен бац коронавирусан кхоалгIа тулгIе сацо, ткъа иза йолалахь, хир ду хьал кхин а кхераме, яхлур ю и тулгIе – стохка хилларг "каникулаш" яра, бохур ду", - элира Кадыровс ши кIира хьалха.

Карарчу муьрехь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь йийцаре йиллина ковидна дуьхьал мехий деттийта лоьраш а, хьехархой декхаре бечу низаман проект. Цкъачунна оцу проекто боху, бахархойн "бакъо ю профилактикан мехий ца деттийта", амма цо йо нахана цхьацца дуьхьалонаш: цхьана ханна школашка, поликлиникашка цалелийтар, "ун кхета сов кхераме долчу меттигашкахь" балхах юкъахбахар.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Они отказались. Значит дальше кое-кому будет ещё больнее…

Какие церковные праздники отмечаются 16 июня

СК: в Туве вынесли приговор по делу о групповом изнасиловании мальчика

Источник 360.ru: на ж/д станции во Внукове повредили сигнальный кабель

Музыкальные новости

Город-десятимиллионник // Квартир дешевле в Москве остается все меньше

Сергей Собянин. Неделя мэра

Азербайджан назначил столицей тюркского мира талышский город Ленкорань. Талышские организации мира бьют тревогу

Массовыми патриотическими акциями отметили День России на заводах АО "Желдорреммаш"

Новости России

СК: в Туве вынесли приговор по делу о групповом изнасиловании мальчика

если дома нелюди конечно все можно вурнар набрали быдл полицию

Испепеляющая жара до + 38 градусов идет на Россию, совсем скоро: Вильфанд рассказал о жарком месяце

Андрей Рублев, Карен Хачанов и Людмила Самсонова не выступят на Олимпийских играх в Париже

Экология в России и мире

Лучшие образы на лето, от которых захватит дух

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Где недорого отдохнуть в июле? Россиянам раскрыли все карты по турам за рубеж и по России

В Москве пройдет выставка Евгении Васильевой «Между пороком и добродетелью»

Спорт в России и мире

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Испанский теннисист Надаль не сыграет на Уимблдоне

Хачанов вылетел с турнира ATP в Хертогенбосхе после первого же матча

Бьянка Андрееску: «Мне нравится, что на траве, поскольку она намного быстрее грунте, меньше времени на раздумья»

Moscow.media

Храм Преображения Господня в Коммунарке

ТСД промышленного класса Saotron RT-Т510

Этот российский регион снова стал лидером по количеству случаев по ОСАГО

Жители Екатеринбурга в День России вывесили баннеры против точечной застройки







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *