Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Царнаев ЖовхIарна вен кхел яр юхаметтахIоттор доьху Байденан администрацино

Царнаев ЖовхIарна вен кхел яр юхаметтахIоттор доьху Байденан администрацино

Джо Байденан администрацино кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Шататийн Лаккхарчу кхеле, Бостонерчу марафонехь терроран акт ярна Царнаев ЖовхIарна вен кхел еш бина сацам юхаметтахIоттор хькъехь, президент (махкахь) вен кхелаш ярна хьул а ца деш дуьхьал велахь.

Цунах лаьцна яздо " америкехь арадолучу Boston Herald (Бостон ХIералд) газето.

Цо яздарехь, Юстицин министраллан юристаша оршотан дийнахь дIаделлачу документашкахь яздина Бостонера гонан хьалхара аппеляцин кхел галъяьллера, стохка юхайоьккхуш 27 шо долчу жимачу стагана вен кхел яра юахадоккхуш, бехккъастохой хоржу процесс нийса хиларна шеко ю аьлла.

Царнаевн гIуллакх "мехкан исторехь терроризмаца доьзначу гIуллакхашна юкъахь уггар мехала долчерах" хилар билгал а доккхуш, Лаккхарчу кхелехь президентан администрацин цIарах йолчу инарлин прокуроран офисо дIахьедина, Лаккхара кхел декхарелахь ю "и гIуллакх нийсонца чекхдаккха юхадерзо" аьлла.    

Boston Herald газето билгалдаккхарехь, КIайн ЦIийнан векло Бейтс Эндрюса аьлла ша яздинчу электронан кехата тIехь, Юстицин министралла (Justice Department) "оцу тайпачу дискуссешкахь йозуш йоцуш ю ". Амма президентана "хета Департамент юхаерза еза вен кхелаш ян ца оьшу аьлла ша хьалха юьхьарлаьцна хиллачунна тIе", аьлла Бейтса.  

Газето билгадаккхарехь, шен тIаьххаьарчу 6 баттахь 13 федералан тутмакхна вен йина кхел кхочуш йиначу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хьалха хиллачу президентан Трамп Дональдан администрацино Бостонерчу апеллацин кхелан сацамна апелляци йира Лаккхарчу кхеле 2020-чу шарахь Товбеца-баттахь.

ТIаьхьо цу хенахь Американ инарлин прокурор, юстицин министр хиллачу Барр Уильяма дIахьедира, Царнаевна вен йина кхел юхаметтахIоттаяйта "дерриг а оьшург дийр ду" шаьш аьлла.  

Стохка Товбеца-беттан 31-хь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхира 2013-чу шарахь Охан-беттан 15-хь Бостонерчу марафонехь терроран тохар дарна Царнаев ЖовхIар вен кхачош бина сацам.

Суьдо жамI дира, и гIуллакх луьстуш волчу суьдхочуьнга "хила ма-безза болу бехккъастархой харжа цабеллера, озабезам ца бан доьналла долу аьлла. Американ Хьалхарчу гонан апелляцин кхелан кхаа кхелахочух лаьттачу коллегино сацам бира кхелан кхеташонийн тIаьххьара долу дакъа юхадIадахьа деза, бухболлуш жамI карор Iалашонца: билггала вен везаш вуй 27 шо долу Царнаев, 3 стаг а вуьйш, 260 стагана чевнаш а еш хиллачу тIелатарехь дакъалацарна.

Царнаев ЖовхIаран  адвокаташа кхел йолалуш даре дира цо а, цуьнан воккхаха волчу вашас Царнаев Тамерлана а, марафонан финишехь ши бомба эккхийтина хилар Охан-беттан 15-хь. Амма цара чIагIдора ЖовхIар кIезиг бехке ву иза кечдинарг цуьнан воккхаха ваша хиларна бохуш.   

Царнаев Тамерлан вийра лелхийтар дина масех де даьлча полисхошна герз детташ а волуш.

Иза дийна а волуш схьалаца гIоьртина полицин эпсар Пульезе Джеффри пенсе вахара хIара бутт болалуш, 41 шарахь полицехь болх бинчул тIаьхьа. WBZ-TV телеканалана интервью луш Царнаев Тамерлан тIаьххаьара минотех лаьцна полисхочо дийцинарг даладо меттигерчу Boston Herald газето. 

"Тхо герз детташ дара вовшашна, хIинца хаьа суна цуьнан тапчин патармаш кхачийна хилла хилар. Оцу хенахь тхуна иза ца хаьара, тапчана цхьаъ хилла моьттура тхуна. Иза сецира. Карахь тапча а йолуш, сан бIаьргашчу хьаьжира иза. ТIаккха суна тIеластийра цо шен тапча, иза сан белшах кхийтира. Сайн тапча хумпIарна чу а йоьллина, тIеведда схьалецира ас иза", - дийцира Пульезе Джеффрис.

 

Газето дуьйцу кхин д1а хилларг: "Пульезес а, кхин а шина эпсаро а Царнаев Тамерлан охьавиллина латтош а волуш, джип машенна хьалха а хиъна, тIехаьхкинера Царнаев ЖовхIара, - яздо газето. - Пульезе гIодаюкъ лаьцна дIатакхо гIоьртира Тамерлан, иза тIейогIучу машенах кIелхьарваккха дагахь. Амма полисхочунна метта машен кIел вахара Тамерлан Царнаев".

"Машен тIехъэккхаш цо юьхьтIе тоьхна мох хаабелира суна", - дийира полисхочо Пульезес.

Царнаев ЖовхIара тIехула машен эккхийтина вийра шен воккхаха волу ваша, дерзадо хилларг газето.

Царнаев ЖовхIар карарчу хенахь чувоьллина латтош ву Америкехь уггар чIогIа ларйеш йолчу Колорадо штатан Флоренция гIаларчу ADMAX набахтехь, вуно луьрачу супермакс (supermax) олучу системан хьелашкахь.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Москве во время ремонта обрушилась шахта лифта

Около 770 компаний воспользовалось нижегородским агрегатором производственных мощностей «Станкофонд: сделаем в России»

Ленинский округ вновь присоединился к фестивалю «Город танцует в парках»

Наука на ПМЭФ. Что обсудят молодые учёные на питерском форуме?

Музыкальные новости

На телеканале «Культура» рассказали о предстоящей премьере оперы «Борис Годунов»

Более 40 тысяч семей в Москве и области получают ежемесячные выплаты из средств материнского капитала

Два рейса из Петербурга перенаправили из Шереметьево в Домодедово на фоне грозы

“Я хочу семью”: музыкант JONY рассказал в “Шоу Воли” на ТНТ о том, какую девушку он ищет

Новости России

Якутянину Дьулустаану Петрову необходима помощь для прохождения обследования в Новосибирске

Губернатор Подмосковья вручил благодарность трудовой династии энергетиков

В Москве набирают школьных учителей с зарплатой 200 тыс. руб. В регионах России преподаватели получают в 10 раз меньше

Еще одному сироте в Чехове вручили жилищный сертификат

Экология в России и мире

ГЕРОИЧЕСКОЕ УЧАСТИЕ АРМЯН В СВО. ЧАСТЬ ЧЕТВЕРТАЯ

Создайте стильный образ из самых простых вещей в гардеробе

Скидки на звуковые щетки и зубную пасту для детей от компании "Ревилайн" до 6 июня 2024 года

Областная наркологическая больница запускает летнюю профилактическую кампанию для юных свердловчан

Спорт в России и мире

Ролан Гаррос. Расписание 2 июня. Потапова и Швентек сыграют первым запуском, Синнер – последним

Джокович — о травме: На данный момент, вроде все нормально, но я не знаю, что будет утром

Мирра Андреева обыграла представительницу Франции Грачеву на "Ролан Гаррос"

Организм был не в состоянии: Потапова прокомментировала поражение на «Ролан Гаррос»

Moscow.media

Правительство РФ направило дополнительные средства на завершение строительства трассы Гузерипль – плато Лагонаки в Адыгее

У «Грузовичкоф» появился чудесный чудик

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде

РОССИЮ ОЖИДАЕТ ПЛЮС 50 ГРАДУСОВ: КАКИМ ГОРОДАМ ЖДАТЬ АНОМАЛЬНУЮ ЖАРУ







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *