Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровн зударех бинчу талламна "Грозный" телеканало чуелла иск листа реза ца хилла кхел

Оьрсийчоьнан "Проект" интернет-гIирсана дуьхьал пачхьалкхан "Грозный" телеканало чуелла хилла иск юхахьажийна Нохчийчуьрчу арбитражан кхело. Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан зударех лаьцна шаьш бечу талламехь шайн хаамаш юкъара журналисташа йоцца кийсиг эцарна латкъам бинера цара.


Динчу дIахьедарехь телехьожийло 20 эзар сом тIедожадар хьехнера "Проектна", шайн интеллектуалан бакъонаш йохорах дIа а хаийтина. Иск талла дуьхьало йина кхелахоша, кхачо йоллу документаш шайга дIа ца кхачорна.


Карладоккху, Охан-беттан 7-чохь арабелира "Проектехь" Кадыровн зударийн бахамах болу таллам. Талламан авторша бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун шина зудчун – Кадырова Меднин а, Хазуева Фатимин  а – долахь ю Москварчу тоьлла ларалучу меттехь 800 миллион сом мах болу хIусамаш. Соьлжа-ГIалахь и информаци цхьана а кепехь яц официало йийцаре еш. Кремлехь а ца делла журналисташна цара динчу хаттарна жоп.


Москвахь, премиум-классерчу хIусамийн "Соколиное гнездо" комплексехь Нохчийчоьанан куьйгалхочун уллерчу гергарчийн петарш хиларх лаьцна дийцира хьалхо журналисташа а.


2018-гIа шо доьрзуш Кадыровс хIоттийначу декларацино бахарехь, оцу шарахь цо даьккхина ахча дацара 7,58 миллион сом бен, ткъа рогIерчу 2019-чу шарахь цуьнан хьал дебна 20-зза – кхаьчна 147, 9 миллон соьме.


Instagram машанерчу "Проект" интернет-газетан аккаунтана "веллачу ден" статус хIоттийра (пайдаэцархо велча хIоттош хуьлу иза). Оцу бахьаница журналисташ 24 сахьтехь Iийнера шайн агIоне керла посташ ца хIитталуш. Иза цара дузу шаьш Нохчийчоьнан зударийн бахамах лаьцна дукха хан йоццуш арахецначу талламца. И материал араяьллачул тIаьхьа хаамийн гIирсан сайтанна маситтазза дина ddos-тIелатар. Оццу талламан хьокъехь пачхьалкхан "Грозный" телеканало дина арз бухе а хIоттош, дIакъевлира "Проектан" видео-агIо YouTube видеохостинго а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *