Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Ахматан" латархочо дийцина, Нурмагомедов а, Чимаев а цхьаьнакхетта хиларх

Дагестанхойн а, нохчийн а спортхошна Нурмагомедов Хьабибна а, Чимаев Хьамзатна а юкъахь дов дац аьлла, дIахьедина UFC-н Оьрсийчоьнан латархочо, "Ахмат" клубан декъашхочо Гришин Максима. Латархочо бахарехь, журналисташа а, социалан машанашкахь лелачара а дина питана ду иза.


"Яцара конфликт. Аьллачух нийса ца кхетийнера. Телефон а тоьхна, цхьанакхийтира и шиъ, къамелдан. "Оха иза ватIор ву" бохучух аьлча, аш и дешнаш кхеторе терра ду. Юьхьдуьхьал а ала йиш ю сан ишта, юй? Ткъа муха лерех кхета и ешархочунна а, ладугIучунна а? Забар еш аьлла хила а тарло, ткъа массара а дестийна", - аьлла Гришина.


Оцу юкъанна, цхьана хенахь UFC-н чемпион лаьттина Ковингтон Колби шек ву, Чимаевс цхьаъ "ватIорг" хиларх.  Нохчийн спортхочун могушаллица проблемаш хиларх хаийтина Американ латархочо Submission Radio-на еллачу интервьюхь. 


"Гоьваьллачу латархочух тасавеллий иза? Я цхьаннах а леттий иза? Суна ца хаьа. Цунах лаьцна дийца хала ду, оцу кIанта даим а шен могушалла ялхош хилча, уггар а ницкъ болуш хуьлу хан йолуш ма ву иза. Оцу Чимаевх лаьцна суна хууш хIума дац-кх", - аьллачу Ковингтонан дешнаш далийна "Чемпионат" гIирсо.


Нурмагомедов Хьабиб "дика спортхо" ву, амма иза "UFC-н проект" ю, Оьрсийчоьнан я Дагестанан байракхна кIел хIоьттина цкъа а ца летта иза, элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Стигалкъекъа-беттан юьххьехь. Инстаграмехь йоьдучу эфирехь цо кхайкхам бира цуьнга, Чимаевца лата реза хила аьлла. Оцу юкъанна, ша "муьлхха а гонорар" охьайилла кийча ву, элира Кадыровс. Скандал иккхинчул тIаьхьа дIахьедира нохчийн куьйгалхочо, ша дагестанхо аьшнашван гIерташ вацара аьлла.


Ши спортхо лата луучу Кадыровн дIахьедарна жоп лучу Чимаев Хьамзата кхерам тесира Дагестанерчу чемпионна Нурмагомедов Хьабибна, ша иза "ватIор ву" аьлла.


ММА-рчу шен йоццачу карьерехь исс латарх чекхваьлла Чимаев Хьамзат, иссазза а тоьлла, толамех кхоъ цо баьккхина UFC системехь. UFC-н рекорд хIоттийна цо хенал хьалха, 66 дийнахь кхузза толарца. Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллира Чимаевна, иза Соьлжа-ГIала а вахна, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.

Цул тIаьхьа UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата дIахьедира Инстаграмехула, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. ТIаккха Кадыровс, шен Чимаевца къамел хилла, иза спортехь вуьсуш ву, элира.


ТIаьхьо Швецера Нохчийчу дIавигира UFC –н латархо Кадыров Рамзана. ХIинццалц схьа Нохчийчохь вара Чимаев Хьамзат.

2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб, цо карьера ерзорца доьзна, ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь.


32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 20I2-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь 13-зза тоьлла иза.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *