Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Псковрчу десантхошна тохар дина аьлла шеконашца лаьцна нохчо

Басаев Шемалан тобанан декъашхо хилла ву аьлла, лаьцна Алханов Мохьмад, 2000-чу шарахь Псковрчу десантхошна тIелеттачарлахь дакъалаьцна ву аьлла, дIахьедина талламчаша, яздо "Кавказский узел" ресурсо. Дахначу кхаарин дийнахь лаьцначу Алхановга бехкаш кховдо дагахь бу герзашца талораш лелорна а, гIаттамхойн тобанехь дакъалацарна а, эскархошна кIелоярна а, хаам бина Талламан комитето шен сайтехь.


Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бира 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота хIаллакйира хIетахь.


Кху шеран Зазадокху-баттахь Улус-Кертахь тIемаш бина 21 шо кхочуш Талламан комитето дIахьедира, цигахь тIелетта ву аьлла, 29 декъашхо билгалваьлла шайна, царех пхиъ лехамашкахь ву, тIелатаршкахь хилла ву аьлла, 45 сов стаг шайн шеконашкахь а ву аьлла.


Басаев Шемалан тобанан декъашхо хилла ву аьлла, нохчийн поэт Арбинин Герман (Шемал) лаьцна Москвахь, 2000-чу шарахь Псковрчу десантхошна тIелеттачарлахь дакъалаьцна ву, гергарчу заманчохь бехкаш кховдор долуш ду цуьнга, аьлла, даржийра прессехь Зазадокху-беттан 25-чохь. 


Социалан машанашкахь алссам яьржина, евзаш ю Арбининан байташ. Цо бандиталла а лелийна, иза зуламхойн тобанехь лаьттина, полисхошна кIело а йина аьлла, шеконаш ю талламчийн.


Карарчу хенахь дIахьош талламаш бу, 21 шо хьалха динчу тIелатарехь Арбинина хIун дакъа лаьцна, муьлхачу зуламашна бехке ву иза тIечIагIдархьама.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *