Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Прививкаш ца яйтахь шога дозанаш деттар ду аьлла нохчийн Iедалхоша

Регионехь вакцинаци яр лахара хилахь коронавирусаца доьзна шога дозанаш детта декхаре хир бу Нохчийчоьнан Iедалхой. Уьнна дуьхьал къийсам латточу Оперативан штабан кхеташонехь дина ишта дIахьедар мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "ВКонтактерчу" аккаунтехь зорбане яьккхинчу шен публикацехь а яздина цу цунах лаьцна.


"Вайна юкъара цхьаберш бендоцуш лела шайца а, нахаца а. Прививкаш ца яйтахь ледара хир ма ю тIаьхьало. Цундела, сайн аьтто баьллачуьра, ас кхайкхамбина бахархошка, вакцинацех чекхдовла аьлла. Нагахь санна, прививкаш цара ца яхь, вай декхаре ду шога дозанаш детта", - яздина Кадыровс.




Парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, кхечу Нохчийчуьрчу лаккхарчу даржхоша а масийттазза кхерамаш туьйсура, масканаш цалелочарна даккхий гIуданаш деттар ду шаьш бохуш. Оцу юкъанна меттигерчу бахархоша социалан машанашкахь бехкаш дохура Iедалхошкара, цара шаьш санитаран барамаш ларбеш цахиларна. Хаамийн гIирсашкахь шуьйра яздора, Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а нахана юкъахь масканаш цалелорах а, социалан дистанци ларъеш яцарх а.


Коронавирусна дуьхьал вакцинаци яйта реза берш а, боцурш а билгалбоху комисси кхолла еза, аьлла, дийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И къамел цо дира Соьлжа-ГIалахь COVID-19 цамгарна дуьхьаллаьттачу оперативан штабан кхеташонехь. Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, дIахьедира Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 25-чохь.




Кху шеран Чиллан-беттан 10-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, масканаш лелор махкахь юкъарадаьккхина ша аьлла.




"Нах гуллучу меттигашкахь масканаш лелор юкъарадоккху оха. Делахь а, COVID-19 вирусан кхерам болчу баккхийчара а, цомгашчу наха а, оцу уьнах чекхвалазчо а лелийча бакъахьа хир ду", - яздинера Кадыровс шен Телеграмехь.


"Регионера хьал дукха лерина зийначул тIаьхьа" бина шаьш оцу кепара сацам бохура нохчийн урхалхочо.


Амма оцу юкъанна Росстато довзийтинчу терахьаша гойтура, Оьрсийчоьнан мехкашна юкъахь адамаш хьалхачул дукха даларца Нохчийчоь лидер хилар.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *