Вакцинаци ца яйтахь бераш школе а, бошмашка а дуьтур дац Нохчийчохь
Билггал къамел дийриг Даудов ву я вац хаа аьтто ца баьлла. Бакъду, хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а цхьана дIахьедира, вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза аьлла. Цунна гарехь, бахархой кхоалгIачу локдаунах, комендантан сахьтехь, масканаш лелорах кIелхьарбахалур бац вакцина массара а ца тохийтахь.
Коронавирусна дуьхьал вакцинаци яйта реза берш а, боцурш а билгалбоху комисси кхолла еза, аьллера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И къамел цо динера Соьлжа-ГIалахь COVID-19 цамгарна дуьхьаллаьттачу оперативан штабан кхеташонехь Стигалкъекъа-беттан 25-чохь.
Ерриг Оьрсийчоьнан вакцинацин статистике хьаьжча, Къилбаседа Кавказан регионаш уггар а тIаьххьарчу могIаршкахь ю. Уггар а кIезиг прививкаш йина Дагестанехь, цигахь вакцинацех чекхбевлла 3,4 процент бахархой.
Нохчийчохь- 7,5%, Къилбаседа -ХIирийчохь - 7%, ГIалгIайчохь - 9%, ГIебарта-Балкхаройчохь - 4%, Кхарачой-Чергазийчохь - II%, Ставропол-махкахь - I0 процент.
Кху деношкахь, вакцинаци яйта езаш хиларх бахархошлахь кхетош болх дIабахьар тIедожийра Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада. Оцу гIуллакхна сацам бина полици а, муфтият а юкъаозо.