Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Иэсан тептар". Коронавирусах кхелхинчу нохчийн лоьрех дийцарш (шолгIа дакъа) 

Пандеми марсаяьллачу муьрехь лоьраш лаьттара шайн гIаролехь. Дерриг а дуьнентIера медикаш а санна, хIора дийнахь хIуьттура нохчийн лоьраш COVID-19 уьнна дуьхьал бечу тIаме – нехан могашаллин дуьхьа шайн могашалла хIиттайора цара кхерамна кIел. Де-буьйса доцуш, дарбан хIусамашкахь хьора цара хан, рагI ца лоьруш бора болх, беттанашкахь ца гора шайн гергарнаш. Цхьаберш царех, кхин цIехьа ца боьрзуш, бисира тIаьххьара а "Иэсан тептарахь". "Гипократан дуй" ца къарбеш, белхан меттигашкахь беллачу цхьаболчу лоьрех лаьцна дуьйцу Маршо Радионо.

Мехала белхало Тамара

Тарамова Тамара, 53 шо, Теркйистан коьртачу дарбан цIийнан медйиша

"Бегаш бора оха даима а, леш хилахь, цхьана дийнахь лер вай, олий".

Дарбан хIусамашкарчу медйижарийн куьйгаш тIехь лаьтта медицина, иза лоьран агIо ю, олу халкъалахь. Ян а яра Тамара оццул мехала белхахо, яра вуно къинхетаме, доггах шен декхарш кхочушдеш.

2020-чу шеран Мангал-беттан 6-чохь кхелхира и "самукъане, елаелла-екхаелла, зевне аз долу" зуда. Наханна кхеттачу коронавирусца къийсалуш, дархой денбан гIерташ хьийзачохь, цаьргара ун а даьлла, елира Тамара.

- Тхо йиъ медйиша яра, чIогIа дезаш а дара вовшашна, хIинца а ду, бегаш бора оха даима а, леш хилахь, цхьана дийнахь лер вай, олий. Тамара кхалхар боккха эшам бу тхуна, - дуьйцу еллачун йишас Асхабова Айманис.

- Доьналла долуш адам дара иза. ТIехь да а воцуш, вуно дика ши воI кхиийна цо: Рамзан а, Дени а, - дагалоьцу кхечу йишас Мудаева Амината.

Медйиша хила бераллехь дуьйна лаьара Тамарина. 1987-чу шарахь Казахстанехь, Джезказганехь чекхъяьккхира цо медицинан доьшийла. Оцу хенахь дуьйна яра медицинехь болх беш. 2010-чу шарахь лакхарчу медйишин дарже яьккхира иза ша 30 шо сов хьалха балха еъначу дарбан хIусамехь.

- Боккха ларам бара Тамарига белхахошлахь, цунах дерриг а тешадора. Оьзда, хьекъал долуш, шен бох дика хууш стаг яра иза. Тхуна доккха зен хилла иза дIаяьлча. Белхахой чIогIа тIерабара цунна. Цо зIе латтайора лахарчу даржашкарчу белхахошний, хьаькамашний юкъахь – хIинцца веъна интерн а, лакхара куьйгалхо а хуьлура цунна чу садиллина. Иза сан белхан накъост яра, шен болх леррина бора, массо а хIума тергонехь латтадора, – билгалдаьккхира Тарамова Тамара дагалоцуш Теркйистан коьртачу дарбан цIийнан лакхарчу лоьро Джабраилова Каришата.

Тамарина дика хаьара шех ун хьакхадала тарлойла, делахь а, шеца температура йолуш а, сиркхо хилча а ца юьтура цо шен белхан меттиг. Шина кIиранах къийсаелира ковидца, оцу ерриг а хенахь Iийра пехашна хIо латточу ИВЛ аппаратна кIел.

Нохчийчоьнан лараме лор Бекхан

Жабраилов Бекхан, 60 шо, Гуьмсан коьртачу дарбан цIийнан анастезин а, реамотологин а декъан куьйгалхо.

"Коьртаниг – даима а адам хилла вахар"

Лаккхара корматалла йолу лор-реаниматолог вара иза, Оьрсийчоьнан Федерацин могашалла Iалашъяран декъан Лараме белхахо, Нохчийчоьнан Лараме Лор. Вуно дукха нехан безам бара цуьнга – хастамбора иза цомгушчаьрца мерза а, тIекаре а хиларна.

И башхаллаш цуьнца Нохчийчохь тIемаш болчу хенара дуьйна схьа яра, Бекхан кIиранашкахь ца волура хIетахь реанимацин чоьнаш чуьра, нах когахIиттош хьийзара, дуьйцу цуьнан вашас.

Оцу заманахь яздина хилла цо шен тептаршкахь хIара: «Сайна хетарг аьр ас, вайна тIехьоьттинчу хьолехь коьртаниг ду даима а адам хилла вахар. Иза хIун ду? Къасталой адам кхечу букъдIаьхка йолчу дийнатех? Дера къастало, уггаре хьалха деган йовхо дIасаекъарца. Сайн бага, латта доьхкина, дIаюккъалц (дашадогIий шуна классика аьлларг?), цу чухула арадаьндерг цхьаъ ду – хастамбар. ОьгIазалла а яц. Сардамаш дехар а дац. ХIан-хIа. Хастамбар ду. Доллучух а. Уггаре хьалха садаIа йиш хиларо доккху самукъа, ваха йиш хиларо. Стагна хаьа, хаа а деза: и самукъадалар – совгIат ду. Иза хьоьца дуй – хастамбе АллахIна, и самукъадалар хьайна кхачийначу дена-нанна…».

Бекханан и дешна довзийтина цуьнан цхьаъ бен воцчу вашас Жабраилов Руслана интервью луш.

- Тхан нана йиллина цомгуш хуьлура, тхо, цуьнан кIентий, тхайн ма-хуьллу, тхаьшна ма-моггу гонах хьийзара цунна, Дарбан хIусамашка лелайора иза, пайда кIезиг хуьлура. Бекхана дIахьедира хIетахь, ша велла а, висина а лор хир ву, ша Нана тойийр ю, аьлла. Хила а хилира иштта!

- ДоIахна операци ян дезаш дара Бекханна. Ас хьийхира цунна Москва а вахана, цигахь дарба дайтар. Шена тIеоьхучу наха Гуьмсехь тойойту шайн могушалла, ша муха гIура ву Москва, эхь хета шена аьлла, ца вахара иза. Пандемин муьрехь юха а дехар дира ас цуьнга, болх битахьара ахь аьлла. "Со реаниматолог а, анестезиолог а ву. Ас ца бича, хьан бийр бу и болх?",- элира цо соьга.

Зазадоккху-беттан 17-чохь оцу зуламечу лазарца къийсаме иза ваьллачул тIаьхьа масех минотана цкъа бен ца гира суна сайн ваша, - дийцира Руслана.

Охан-беттан 20-чохь цамгар хааелира Бекханца. Коронавирусан тесто бакъдира цунах ун хьакхаделла хилар. Соьлжа-ГIаларчу ДоьалгIачу дарбан цIийнехь Iиллира иза, лоьраша дерриг а дира шайн карахь дерг, нийса бутт баьлча, Стигалкъекъа-беттан 21-чохь дIавелира иза.

Дукха Iалашонаш хилла Iийса

Ахтаев Iиса, 51 шо, Москварчу Спасокукоцкин цIарах йолчу Клинкан дарбан цIийнан реаниматолог-анестезиолог.

"Шен ахчанех стогарш ийцира цо, цхьаберш богуш бу хIинца а".

Iиса къинхьегамхойн доьзалехь кхиира. Нана хIумнаш тоьгуш яра, да - могIарчу белхало. Шайн бераша институташ йохийла лаьра царна.

- Нанна тхох лоьраш хуьлийла, оха нахана гIодойла лаьара. Тхо дика деша гIертара, дега-нене тхайх дозалла дайта лаам бара. Цхьацца гIаланашкахь медицинан институташ ехира оха массара а. Iисах реаниматолог хилира, кхечу вешех – стоматолог, йижарий – гинекологаш. Со тIаьххьарниг яра тхох, ас ХIинжа-ГIалахь мединститут чекхъяьккхира, доплом кхиира дена гайта, - дийцира Iисан йишас Марема.

Iиса дети мидалца школа яьккхина вара, армера цIавеъча, Рязане медицинан институте вахара, цигара ваьлча, Шеларчу коьрта Дарбан цIийнехь болх бира цо.

Йишас дийцарехь, коьртачу лоьранна вуно лакхара похIма гира цуьнца, цо иза клиникан ординатуре вахийтира – Петербургерчу медицинан академе, институт яьккхича кхин а тIе Iама. Шеларчу дарбан цIийно ахча а делира деша. Иштта хилира цунах анестезиолог-реаниматолог.

Доьзале бохам беара – цомгуш хилира Iисан кIант, иштта цуьнан доьзал Москва дIабахара, кIантанна дарба деччу метте. Шен тIаьххьара денош тIекхаччалц Москвахь Спасокукоцкин цIарах йолчу клинкан дарбан цIийнан реаниматолог-анестезиолог Iийра Iиса.

Ша болх бен дарбан цIа коронавирус лаьцначу нахаца болхбан йола ма-елли, дархошна тIехьийза велира иза. Шех а хьакхаделира ирча ун. Реанимаце кхечира. ИВЛ аппарат хIоттийра цунна, амма ца ларавелира цамгар эшо. 2020-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 8-чохь дIавелира Ахтаев Iиса.

Ахтаевх кадамаш бечу цуьнан белхан накъосташа дуккха а довха дешнаш дуьтура социалан машанашкахь а цхьана цунах лаьцна.

- Хала ду Iийсах лаьцна дийца яхначу хенахь. Иза тхоьца кхин цкъа а хирг цахилар тIеэца лазаме ду. Iаламат догдика, эхь-бехк долуш кIант вара иза. Цхьана белхаш беш дара тхо атто а, хало а хьоьгуш. Амма коронавиурс юкъаяьлчхьана болх чолхе баьллера тхан. ХIетте а цкъа а текъамаш ца бора цо, тапъаьлла шен болх а беш, схьавогIура иза", - аьлла Ахтаевца цхьана Спасокукоцкин цIарах йолчу клиникехь болх беш хиллачу Титова Галинас.

Гергарчара дийцарехь, кханене ехкина дуккха а Iалашонаш яра цуьнан - шен кIантанна зудаяло, цIенош дина чекхдаха, хIинца 12 шо бен доцу йоI когахIотто.

(ТIаьхье ларъе кху материалан)

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Экскурсовод из Петербурга прошел аттестацию по 11 субъектам РФ

Студенты из Ульяновской области отправились на «Туриаду»

Сеть АЗС Газпромнефть внедряет новый формат самообслуживания в 12 регионах России

Россия наполнит отношения с КНДР и Вьетнамом новым содержанием

Музыкальные новости

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

Сергей Собянин: Активно укрепляем отношения с Китаем

В столице Бурятии в городе Улан-Удэ в театре кукол «Ульгэр» 14-16 июня пройдут «Волшебные выходные»! - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Сергей Собянин. Главное за день

Новости России

Еще 30 детских садов построят в Подмосковье за счет внебюджетных средств в 2024 году

В Молдове собираются наказать спортсменов за участие в Играх БРИКС

МГУ сохранил лидерство в рейтинге лучших вузов России

Дом-музей Цветаевой, калачи и резная архитектура: куда поехать из Москвы на один день

Экология в России и мире

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

Россиянам предложили премиальные туры сразу в 2 страны: рейсы начнутся из 8 российских городов

Smena SS-2024

Спорт в России и мире

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосхе

Moscow.media

В России запустили бесплатного цифрового ЗОЖ-помощника

Башенный комплекс "Ний" (Ингушетия)

Храм Преображения Господня в Коммунарке

Мост в Нагатинском затоне готовят к установке пилонов







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *