Беран кара а герз ло кадыровхоша
![Беран кара а герз ло кадыровхоша](https://gdb.rferl.org/b62b7e22-9f5b-43c6-8ce0-b3f35becccae_tv_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча волчу Турлаев ШаIин кIанта шен инстаграмерчу агIонехь видео хIоттийна, цхьана жимчу кIанта гранатомет кхусуш. Росгвардин белхахочун духарца волчу 7-8 шо долчу кIанта лаьмнашкахьа топ кхусий, "Ахмат-сила! АллахIа акбар!" олий, мохь туху. Ткъа ши де хьалха Путина низам тIеэцна, 21 шо кхачаза волчунна герз лелор доьхкуш