Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кавказ: вакцина яц, вакцинаци - ю. Кхерамаш тийсаро хIун пайда бохьу?

Кавказ: вакцина яц, вакцинаци - ю. Кхерамаш тийсаро хIун пайда бохьу?

Адыгей, Дагестан, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь тIаьххьарчу меттигашкахь ю вакцинаци ярца Оьрсийчохь.  Ткъа ша Оьрсийчоь дуьненал дуккха а тIаьхьа юьсу уьнна дуьхьал мехий деттарца. Бакъду, массарел хьалха дIахьедира цо ша вакцина кхоьллина аьлла.

Мангал-беттан тIаьххьарчу денойн хаамаша бахарехь, Дагестанехь коронавирусна дуьхьал дуьххьара вакцина тохийтина нах бац 5% а, ткъа шозлагIа мехий тоьхнарш ца кхочу 0,6% бен. ГIебарта-Балкхаройчохь вакцинаци йина 7,5% бахархошна, процедурах шозлагIа а чекхбевлларш бу царалахь 4,5%. 9% гергга бахархошна тоьхна вакцина Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, шозлагIа деттийтина мехий шинахьа 7 а, 6 а процент наха.

Уггаре дукха бу вакцина тоьхна бахархой Чукчийн махкахь – 39%. Ур-атталла пачхьалкхан коьртачу шахьарахь а ца тоьхна мехий, Мангал-бутт боьрзуш довзийтинчу терахьашца, 16% бахархоша бен – амма Дагестанехьчул кхузза дукха нисло иза.

Таханлерчу боларца вакцинаци дIайоьдуш хилахь, масала, Адыгейрчу а, Къилбаседа ХIирийчуьрчу а бахархошна мехий детта дезар ду кхин а 300 сов деношкахь, ГIебарта-Балкхаройчохь – эха шарахь, Дагестанехь цхьана шарахь эха шарахь. Вакцинаци яйтарца лидераш ларало Къилбаседа Кавказехь Кхарачой-Чергазийчоь а, Нохчийчоь а: Мангал-беттан 25-чу денна 13% гергга бара цигахь вакцинаци йина нах. 12% бахархошна тоьхна молха Ставропол-махкахь а, ГIалгIайчохь а.

Официало бахарехь, ерриг а Оьрсийчохь Мангал-беттан 28-чу денна вакцинацин хьалхара мехий деттийтина 15% гергга бахархоша, шолгIа мехий – 12% гергга. Оьрсийчоь 100 вахархочунна тоьхначу вакцинан барамца цхьана боларахь ю Казахстанца, Белизца, Тонгаца.

Оццул ледарчу хьелашкахь йолчу Оьрсийчохь массарел а тIаьхьа ю вакцинаци яйтарца Къилбаседа Кавказера республикаш. ТIаьхьайиса юьйлаелира уьш 2020-гIа доьрзуш.  Оццу хенахь долийра Оьрсийчохь пандеми эшорах лаьцна деза къамелаш дан. ХIокху аьхка 60% бахархошкахь иммунитет кхуьур ю коронавирусна дуьхьал бохуш яра реляцеш. Иза хила тарло Оьрсийчоьнан Iедало вакцинацина тоъал тидам тIе цаберзоран бахьана, амма оцо кхачийна пачхьалкх падемин "кхоалгIачу тIегIане".

Юьхьанца кхайкхамаш бира COVID-19 цамгарна дуьхьал вакцинаци ян езаш хилар кхайкхош, тIаккха долийра кхерамаш тийса. Дагестан ханна шен караеллачу Меликов Сергейс балхара дIабаха бохура вакцинацин боларца массарел тIаьхьайисинчу кхаа кIоштан куьйгалхой. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Калыров Рамзана шен го арабаьккхира вакцина тохийтарца бахархошна масалш гайта. Мехий деттийтар оьшшучу боларахь ца нислахь, ден долу таIзарш дIакхайкхийра махкахь. Хьаькамашка шайна уггаре хьалха вакцинаци яйта, бохура ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека. Махкахь хьал эшначу далахь, республике кхочу нах шина кIиранна карантине хьийсор бу, элира Къилбаседа ХIирийчоьнах ханна жоп лучу Меняйло Сергейс. Ша вакцинаци шена яйта воллийла официалехь дIахаийтира махканна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас Охан-баттахь (бакъду цо иза яйтина аьлла хезна дац).

Iедалхой кест-кеста леткъа бахархошна мехий деттийта ца лаьа, бохуш, ткъа ма-дарра аьлча, Оьрсийчуьрчу регионашка тоъал ца кхочу вакцина. Охан-бутт юккъе къочуш "Спутника V" вакцинан 20 миллион маха бара Оьрсийчоьно арахецнарг. Цхьайолчу пачхьалкхаша аьрзнаш до, шайна шаьш мах дIабеллашехь, вакцина дIа ца кхачийна, шайна ахча юхало бохуш. Масала, Краснодарехь вакуцинаци ечу меттигашкахь йоккха рагI лаьтта бахархойн "Спутника V" тоьаш яцарна.

Вакцина ца тоьу Нохчийчохь, аьлла, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дIахьедар дира Кадыров Рамзана а. Шен юкъаметтигаш шатайпа хиларе терра, Кадыровн олийла ду Путине иштаниг. Амма кхиболчу губернаторшна дуьсург цхьаъ бен дац – вакцина тоъал йолуш санна кеп хIиттор. Регионийн куьйгалхо шалгонна юкъанисбелла: цхьана агIор, пандеми гIелъярхьама вакцинаци хIайт-аьлла дIаяхийта декхаре бина уьш, вукху агIор, вакцина ца тоьу аьлла аьрзнаш дан буьйлалахь, томмагIа дужу царна тIе Кремлан бIаьргаш чохь. Шайн долахь йолчу вакцинан барамал и тохийта арабевлла нах сов цабовларе а, коронавирус шашах къаръяларе а догдоху цара.

"Левада-центро" деллачу хеттаршна (Чиллан-бутт бовш) жоьпаш деллачу нахах 62% кийча бац "Спутником V" шайна тохийта, 30% нах дуьхьал бац иза тохийта. Вакцинанна дуьхьалойийраш бац 1% бен. Аьча а, вакцина тоьуш а хилча, цоп айда бохьур буйла а гича, дукхахболу нах Оьрсийчохь реза бу вакцина шайна тохийта.

Хеттарш ду халкъан вакцинан хьокъехь а. Цкъачунна цхьа а вакцина яц Оьрсийчохь Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино къобалйина. Говзанчаша шеконе йоху  "ЭпиВакКорона" ваекцинан эвсаралла, гIолехьа лору "Спутник V" а, "КовиВак" а. Оьрсийчоьно а ца йина къобал дозанал арахьара цхьа а вакцина. Нах вакцинацех къехкош ю цхьана вакцинан метта кхин вакцина лелош гучудийларца лелха скандалаш а.

Вакцинаци цаяйтарна туьйсучу кхерамийн цкъачунна гучуевлла яц тIаьхьалонаш. Къилбаседа Кавказерчу регионийн дайх, цхьа Нохчийчуьра Кадыров Рамзан воцург, цхьа а вац цкъачунна бахархошна кхерамаш туьйсуш, амма нехан могашалла Iалашъярхьама тарло оцу некъа тIе бовла а. Оцу юкъанна, кху аьхкенан беттанашкахь, марсайолуш ю вирус, десташ лаьтта лечийн терахьаш – вакцинаци ца йича ца долу бохург чIагIдо хIоьттинчу хьоло. Цкъачунна лаамза вакцинаци ян декхаребечийн категореш сов шуьйра а яц, могуьйту нахана карарчу ханна мехий деттарна дуьхьало ян.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Всеволоду Шиловскому исполнилось 86 лет

Захарова о ситуации с Риттером: США надо объяснить свое поведение миру

Неизвестный в Москве устроил стрельбу перед торговым центром. Ранена женщина

Москвич выпал с 14 этажа и выжил

Музыкальные новости

Глава "Рексофт" - в топ-100 отечественных ИТ-лидеров

«Деревенский вайб»: Бородина показала, как доит корову

Один из лидеров «Салавата Юлаева» подписал контракт с ЦСКА: теперь официально

До плюс 50 градусов: Каким городам России грозит аномальная жара летом 2024 года. Опубликован список

Новости России

https://mirmol.ru/jekonomika/v-2024-godu-dagestan-naladil-prjamoe-aviasoobshhenie-s-43-gorodami/

Неизвестный в Москве устроил стрельбу перед торговым центром. Ранена женщина

Петербургский экономический форум – 2024: усилия Запада по изоляции России провалились

Подмосковное ЦОП БПК пресекло волокиту о незаконном расследовании дела

Экология в России и мире

3 детские зубные щетки "Ревилайн" по цене 2 в магазине "Ирригатор.ру" ко Дню защиты детей

Добрые рисунки: «585*ЗОЛОТОЙ» запустила конкурс ко Дню защиты детей

Chanel Resort 2025

С чем носить юбку этим летом: примеры стильных образов

Спорт в России и мире

После поражения де Минору россиянин Медведев завершает выступление в престижном теннисном турнире

Бывшая российская теннисистка спела гимн Франции: «Я здесь дома»

Александр Зверев: «Сказал себе, что хочу стать примером для подражания. Я больше не ломаю ракетки, почти не получаю предупреждений»

Главный русский теннисист заставил Париж аплодировать ему стоя. Что удалось Осьминогу Медведеву?

Moscow.media

Два дня, наполненных театром, музыкой, книгами и наукой, — в Парке Горького во 2-й раз прошел Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»

ТСД SAOTRON RT-T50: высокопроизводительный терминал сбора данных промышленного класса

Пожар в пятиэтажке унес жизнь неосторожного курильщика

Красноголовый солист.







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *