Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровга арздинарг кешнашкахь мангал тоха хIоттийна

Нохчийчуьрчу Iалхан-Юьртара хьехархо Джабраилов Мохьмад юкъара белхаш бан декхаре вина, мехкан куьйгалхочуьнга шен коллегаша вакцинацин метта витаминаш йеттийтина аьлла, дIахьединчул тIаьхьа. 


"Грозный" пачхьалкхан телеканалан сайто шен агIонехь хаам бина, "доцург даржорна мехаза белхаш бар тIедожийна" Iалхан-Юьртарчу вахархочунна аьлла.


Сюжетехь дийцарехь, историн хьехархочо Джабраилов Мохьмада социалан машанехь яздина хилла Кадыров Рамзане, шен белхан накъосташа харц сертификаташ эцна, прививкаш йина аьлла, ма-дарра аьлча, вакцинин метта царна витаминаш йиттина боху цо.


"Таллам бина цунах, массо а компетенте йолу органашца цхьаьна. Вайн лоьраша цIена болх бина, билггал еш вакцинаци ю. Оцу стагаца тхан къамел хилла, коллективехь шен цхьацца дегабаамаш хилла цуьнан", - дуьйцу репортажехь Грозненск кIоштан администрацин куьйгалхочо Абазов Рустама.


Ша Джабраиловс дIахьедина, Кадыров Рамзанан тидам тIеозон гIертара ша, цуьнца цхьанакхетча шен финансийн проблемаш цо нисъяре сатуьйсуш аьлла.




ТIаьхьо сюжетехь гойту, юьртан кешнашкахь мангал тухуш волу Джабраилов Мохьмад.


"Кешнакахь а, маьждигашкахь а субботникаш дIадахьар - ишта далла дезначу гIуллакхех гергарчу заманчохь юьзна ю Джабраилов Мохьмадан график. Юкъара белхаш бойтуш, таIзар даро гойту - пайдабоцу хIума бекхам боцуш дуьсур доцийла", - боху хьолах дуьйцучу журналисто, "тIаьххьарчу хенахь эладитанаш Iедалхойн коьрта проблема" хилар билгалдоккхуш.


Карладоккху, Охан-баттахь Нохчийчоьнан Iедало пенсионераш пенсех бохур бу, нагахь санна цара шайна "Спутник V" вакцина ца тохийтахь, аьлла аудио яржийначу ГIойтIарчу вахархочо шена къинтIерабовлар дийхира официалехь. И къамел пенсионеро шеггара дина я цуьнга ницкъаша дайтина, хууш дац.


Хьалхо хаамашкахь яздора, прививкаш ца яйтинчу нахера машенаш ю дIайохуш, пачхьалкхан белхахошка шайн цIийнах мел верг вакцинаци яйта поликлиникашка бига бохуш тIеэгадо, кхерамаш туьйсу лакхарчу доьшийлашкарчу хьехархошна, балхара дIабохур бу бохуш.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *