"Беркате гӀуллакх" дарна совгIат дина Путина Кадыровн нанна
Кадырова Аймани президент ю регионерчу юкъараллин Кадыров Ахматан фондан. И фонд юкъатоьхна ю Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн сакцийн тептарна, "Магнитскийн глобалан Акт" низам бухе а диллина. Оцу тептарна юкъатоьхна бу Американ Iедалша адамийн бакъонаш талхош болу нах.
Кху деношкахь хаамаш баьржира Кадырова Айманина хьалха уллу 1-чу тIегIан билгало елла хиларх лаьцна, "ГИБДД-хь гIуллакх деш кхиамаш гайтарна".
2005-чу шарахь Нохчийчохь иза кхайкхийра "Шеран адам"; оццу шарахь хилира цуьнах Нохчийн республикан лараме гражданин.
2008-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан указца Кадырова Айманина елира Халкъийн ДоттагIаллан орден.