Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Путинан чалтачаш. Муьлш хир бу Росгвардерчу гIалгIазакхийн дакъошкахь

Путинан чалтачаш. Муьлш хир бу Росгвардерчу гIалгIазакхийн дакъошкахь

Путин Владимира къобалдина Росгвардехь "гIалгIазакхийн" дакъош кхоллар. "Схьабовларца гIалгIазакхий болу нах реза бац оцу сацамна. Оцо репрессин хьукматаш совъяхар бен дийр долуш хIума дац, уьш ишта а ю шортта", – боху дайшкара дуьйна схьа гIалгIазакхи волчу "Берриг гIалгIазакхийн юкъараллин центран" куьйгалхочо Дзиковицкий Александра.

Нальчикехь Товбецан-беттан 10-чу дийнахь хиллачу Евразерчу гIалгIазакхийн кегийрхойн "ГIалгIазакхийн цхьаалла – 2021" форумехь гIалгIазакхийн эскарш Росгвардин декъа яздар доьхуш дина дIахьедар президента къобалдо, аьлла, хаам баржийна Оьрсийчохь Инарла прокурор лаьттинчу, хIинца Къилбаседа федералан гонан коьртехь волчу Чайка Юрийс.

Лаам кегийрхоша къадийна бахахь а, гIалгIазакхи а, Оьрсийчоьнан президентан гIалгIазакхийн гIуллакхашкахула йолчу Кхеташонан куьйгалхочун гIовс а волу ша Чайка вара гIалагIазакхийн дакъош, цаьрца контракташ а хIиттош, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурашка даха деза, аьлла, Товбецан-беттан юьххьехь официалехь дехар динарг.

Цхьайолчу Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь, къаьсттина пачхьалкхан къилберчу регионашкахь, гIалгIазакхийн гIаролаш лела а, полицино аьттонаш а беш, цара оппозицин акцеш дIасалоьхку а ю дукха хан, яздо Свобода Радионо. Ала дашна, "низам латтадо" гIалгIазакхаша шаьш бен кхетош доцчу хьесапашкахь: Мангал-беттан 23-чохь Ставрополь гIалин юккъехь уьш тIелетира вилспеташ хоьхкучу спортхошна, дIаяьккхира цхьаьнгара вилспет.

"ГIалгIазакхийн гIаролаша" лелориг тергалдича хаало уьш дукха хьолехь, шаьш-шайгара а боцуш, цхьаьннан лаам кхочушбеш хьийзар. 2018-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь гIалгIазакхий тIелетира "Иза тхуна паччахь вац" цIе а йолуш Москвахь хIоьттийначу оппозицин политикан Навальный Алексейн акцин декъашхошна. ХIетахь журналисташна гучуделира Пушкинан майдана баьхкина гIалгIазакхий Москван мэрино лучу ахчанах Iемаш буйла нехан гуламаш хьеша. Кхин цхьа хIума а ду хаа оьшуш: ГIебарта-Балкхаройчохь хIоьттина "ГIалгIазакхийн цхьаалла – 2021" форуман спонсоршлахь а ю Москван администраци, 5 миллион сом гергга ахча делла цо цига. Оцу ахчан хьокъехь ду халкъан политикан а, регионан зIенийн а Москварчу Iедалан департаментан куьйгалхочо Сучков Виталийс Москван бюджетера субсиди кховдош дина омра.

Пачхьалкхан кхетамехь Оьрсийчохь "гIалгIазакхий" хила йиш ю лерринчу гIалгIазакхийн реестре язбина нах. "Берриг гIалгIазакхийн юкъараллин центран" куьйгалхочо Дзиковицкий Александра бахарехь, реестр кхоьллина гIалагIазакхашна юкъа питана дуьллуш, царна юкъара Iедална муьтIахь берш тIекIабеш.

Дзиковицкий тешна ву "гIалгIазакхий" дайшкара дуьйна схьа болу гIалагIазакхий бен лорийла дац бохучух. "Реестре" язбеллачу дукхахболчу гIалгIазакхех цо "чалтачаш" олу: "Уьш ловза марзбелла нах бу, царна товш дерг духар лелор ду, цунах царна са йолу". Дзиковицкийс бахарехь, дайшкара схьа гIалагIазакхий болу нах а буьйлу реестре, амма тIаьхьа, дог а долий, арабовлу оцу тептаршкара.

Нийса ца хета Дзиковицкийна гIалгIазакхий Росгвардин могIаршка хIиттор а:

"Соьга телефонаш йиттина шаьш гIалгIазакхаша, хиттина, хIун хета суна оцу хьокъехь. Иза деккъа дIа репрессин хьукматаш дебор ду, уьш ишта а ю эскарел а дукха. ШолгIа бахьана – ахча къезиг дайъар. ГIуллакхехь волчу могIарчу гIалгIазакхичунна 23 эзар сом ло юкъарчу барамехь. Церан хьаькамашна, атаманашна, кхеташ ду, пайда хир бу цунах. ТIаьххьараниг – иза "нах дIасабекъа, олалла де" боху политика ю: гIалгIазакхий кхечу адамашна дуьхьалбахар. Бахархошна кIезиг го башхалла "гIалгIазакхашний", "гIалгIазакхий бу бохучарний" юкъахь, нехан бIаьргаш чохь уьш цхьа ун ду".

Урамашкахула лела а, нах дIасалоьхку а гIалгIазакхийн гIаролаш гергга йозаелла ю полицех а, ФСБ-х а, къаьсттина чIогIа ю и зIенаш ГIалгIазакхийн Центрерчу эскарехь, боху Дзиковицкий Александра.

"Реестрехь йолу и организаци яьржина Оьрсийчоьнан Центран 18 регионехь. Цхьацца миграцин гIоьнца оцу 18 махкахь гIалгIазакхий дебна 200 эзарне кхоччуш. Оцу терахьах мел теша веза суна ца хаьа, амма иза керла кхоьллина гIалагIазакхийн дакъош ду. Суна сайна гина иза муха кхуллу, евзина царна хьалхаяьлла лела жигархойн тоба. И эскар кхоьллира цхьацца структурашкарчу инарлаша, полковникаша, милицера, ФСБ-ра эпсарш бара уьш. 90-чу шерийн юьххьехь дара иза. Юьхьанца дуьйна а ГIалгIазакхийн Центрера Эскар Iедалан структура яра. Дуьххьара атаман хIоттийра цунна коьрте 1995-чу шарахь Игнатьев Борис Борисович. Хууш ду цо ФСБ-хь болх бинийла: оперативан белхахо вацара иза, комсомолан хьалханча санна вара цигахь", – дийцира Свобода Радиога Дзиковицкийс 2018-чу шарахь.

Цо бахарехь, ФСБ-ца зIе йолуш хилла Центрерчу гIалгIазакхийн эскаран кхиболу куьйгалхой а.

"2014-чу шеран Чиллан-баттахь Центрерчу гIалгIазакхийн эскаран куьйгалхо хIоттийра хIинца атаман верг - ФСБ-н инарла-лейтенант Iийна Миронов Иван Кузьмич. Хьалха иза ФСБ-н оперативан-талламийн урхаллин буьйранча а, конституцин хIоттам ларбечу а, терроризмца къийсам латточу а департаментан куьйгалхочун гIовс а вара. ФСБ-н полковник, ФСБ-рчу "Вымпел" декъехь Iийна волу Шустров Андрей хIоттийра тIаьхьо Центрерчу гIалгIазакхийн эскаран Москварчу а, гонахарчу а гIалгIазакхийн дакъойн коьрте. Навальныйн агIончаш дIасалохкуш куьйгалла динчех вара иза", - дуьйцу Дзиковицкийс.

Шустровна 2018-чу шеран ГIадужу-баттахь баркалла элира Москван мэра Собянин Сергейс. Иза дукхахболчара дуьйзира гIалгIазакхаша протесташ хьошуш дакъалаьцна хиларца. 2020-чу шеран ГIуран-беттан 3-чохь коронавирус кхетарца доьзна велла Шустров.

ГIалгIазакхий контракташца Росгвардехь гIуллакх дан хьовсор хьахош Чайка Юрийс цIеяьккхира кхин а цхьана организацин - "Теркаца еха гIалгIазакхийн эскарийн юкъаралла". Оьцу юкъараллин атаман хIоттийра шен омрица Путин Владимира "дайшкара схьа Теркан гIалгIазакхи " волу Кузнецов Виталий. Оцу дарже вахале Росгвардин Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонерчу леринчу гIуллакхийн авиацин декъан буьйранчин гIовс вара иза.

"Оьрсийчоьнан гIалгIазакхийн реестрехь мелла а бу бакъболу гIалгIазакхий. Изза Чайка, масала – орамашца Кубанан гIалгIазакхи. Амма дукхахберш, 80%, цхьаццанхьара тIегулбина могIара нах бу. Iедална гонах шаьш лестар цара нийса лору, цара олу, "гIалгIазакхий даима а хилла паччахьна гIуллакх деш, ткъа тахана вайн паччахь Путин ву". Ма-дарра аьлча, "паччахьна гIуллакх" гIалгIазакхаша даима а ца дина, уьш дуккхаза а гIиттина, ткъа гIуллакхдан буьйлабелла паччахьан Iедало шаьш горахIиттийча", - дийцира Дзиковицкий Александра.

"ГIалгIазакхийн йозуш йоцу юкъараллаш а ю пачхьалкхехь: ас куьйгалла ден "Берриг гIалгIазакхийн юкъараллин центр", "ГIалгIазакхийн халкъан кхеташо", Забайкальера гIалгIазакхийн го, цхьана кепехь Iедалца юкъара мотт каро гIертахь а, Iедало пусар деш а боцу "Станицаш меттахIитторехьа болам" а. Уьш дукхахъерш кегий организацеш ю, яккхийнаш Iедало кхобуш ю. Ткъа оха тхешан некъ дIалелош йойъу хан а тхешаниг ю, ен харш а тхайггара ю. Ницкъ бац тхоьгахь гIалгIазакхий берраш а "пачхьалкхан " гIалгIазакхий боцийла наханна дIахаийта: репрессийн система онда ю, хIора а тоба ша-ша гIерта дуьхьаллатта, дийна йиса, ткъа уьш кегий ю. Оьрсийчуьра ерриг юкъаралла а санна, гIалгIазакхийн бакъйолу социум а ю хьаьшна латтош", - боху Дзиковицкийс.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь пачхьалкхан "гIалгIазакхех лаьцна хеза цара Iедална резабоцчарна дуьхьал йохучу агрессин гIулчашца доьзна: шайна ца безачу гайтамашна тIелетарца, ЛГБАТ-юкъараллаш лехкарца, шайна товш доцчу духарахь гинчунна еттарца.

Дзиковицкий Александр реза вац оцу хиламашна, гIалгIазакхийн гIиллакхехь дац, боху цо, иштаниг: "Дукхахболу бакъ гIалгIазакхий гIур бац оцу Росгвардин дакъошна юкъа, гIур бу ма-тов шед дIасалесто, наханна етта хьаьгнарш. Тхо чIогIа реза дац оцу хьоланна".

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Мужчина устроил стрельбу по людям в Бибирево: что известно

Макет высокоскоростного поезда с деталями интерьера представят на ПМЭФ

Штрафы подняли на совесть // В Москве и Петербурге водители станут платить в несколько раз больше за неоплаченный проезд

Италия 6. Пеннабилли.

Музыкальные новости

Два дня, наполненных театром, музыкой, книгами и наукой, — в Парке Горького во 2-й раз прошел Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»

Генпрокуратура потребовала передать государству велотрек с Олимпиады-80

Концерт в музее им. П.И. Чайковского

Солнечные дети на сцене Кремля

Новости России

СК: мужчину убили ударом ножом в сердце в парке на востоке Москвы

В МХТ имени Чехова наградили лауреатов II конкурса короткометражного кино

Россия мировой лидер по количеству генералов, а управление войсками хромает. Раскрываю главный секрет армии России

17 и 18 августа 2024 года в городе Мончегорск Мурманской области состоится VI фестиваль северной культуры «Имандра Викинг Фест».

Экология в России и мире

Россияне решили этим летом меньше отдыхать на курортах

Скидки на звуковые щетки и зубную пасту для детей от компании "Ревилайн" до 6 июня 2024 года

Слушатель из Смоленска выиграл на «Авторадио» «Москвич 3»

Турецкие отели в шоке после банкротства крупнейшего туроператора: все оказались в долгах, как работать летом — непонятно

Спорт в России и мире

Главный русский теннисист заставил Париж аплодировать ему стоя. Что удалось Осьминогу Медведеву?

Теннисистка из Пятигорска вышла в четвёртый круг турнира Большого шлема

После поражения де Минору россиянин Медведев завершает выступление в престижном теннисном турнире

Мирра Андреева обыграла представительницу Франции Грачеву на "Ролан Гаррос"

Moscow.media

Пожар в пятиэтажке унес жизнь неосторожного курильщика

Рассказ про зятя. Хоть и не про котиков, но тож смешной

Дайджест новостей «Грузовичкоф» за май

Новые мониторы Xiaomi на российском рынке







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *