Могушалла Iалашъяран министраллан а, оперативан штабан а ун даьллачех терахьаш бIостане ду
Оцу юкъанна, оперативан штабан зерашца, пандеми йолаелчхьана Оьрсийчохь вирус кхетта нах ялх миллионал а тIех бу. Оьрсийчоьнан Iедалхой кест-кеста бехкебо, коронавирусан инфекцин статистикаца хIилланаш лелорна.
Мангал-баттахь "Медиазонан" лараршца, пневмоних лечу нехан терахь 2020-чу шарахь 140 проценте лакхадаьлла, ткъа "къаналлех" кхелхачийн – 20 проценте. Хьостана хетарехь, регионаша цхьана Iалашонца лорура коронавирусах беллачу нехан хаъал долу терахь кхечу цамгарех кхелхича санна.
Карарчу баттахь Санкт-Петербургерчу могушалла Iалашъярехула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовсан Саран Андрейн "Комсомольская правда" радиостанцин эфирехь ларамза багара делира, шайн гIалахь билггал долчу коронавирусан хьолах. Цо дийцарехь гучудолу, Петербургехь ГIуран-беттан юьххьехь COVID-19 вирус 400 эзар сов стагаца къаьстина хилар.
Ткъа оперативан штабан офицаиалан статистикехь оцу хенахь дIахьедира, мел лахара а 140 эзар вахархо ву ун даьлла, аьлла. Терго йина цуьнан "Фонтанка" ресурсо.

