Американ эскарийн Иракъера Iалашо ерзарх дIакхайкхийна Байдена
Цо тешам белла Иракъан премьерна, тIеман хьехамчийн а, инструкторийн а рол Американ эскарша кхочушъечу керлачу хьелашкахь а лелош долу юкъаралла кхин а дIа хьур ду аьлла.
2020-чу шеран чакхенехь динчу лараршца, Американ 2500 эскархо ву Иракъехь. Цкъачунна Байдена ца кхайкхийна, тIеман мисси йирзинчул тIаьхьа Иракъехь буьсур болчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскархойн дукхалла.
Малхбузерчу агенталлаша довзуьйтучу тIеман эксперташна хетачуьнца, Американ контингент кхин дIоггара лахйийр яц.
Американ эскаран Иракъера Iалашонаш хийцарх дIахьедира, ОвхIанистанера Американ эскархой арабохуш Вашингтоно сацам бинчул тIаьхьа- Гезгамашин-беттан 11-гIа де кхачале.
Гергарчу Малхбалехь терроризмца къийсам латтор бу аьлла, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто чIагIо йира, амма цхьанахеннахь Китайс лелочунна тIехь терго латтон а.
Мустафа аль-Кхазымаца хиллачу дийцаршкахь, Байдена ишта дош делла, тIейогIучу заманчохь Иракъе коронавирусан инфекцина дуьхьал вакцина хьажор ю аьлла.