Коронавирусана дуьхьал массарна а прививкаш яр тIедожийна Кадыровс
"60 процентна тIехь севцна а ца Iаш, махкара боллу баккхийнаш мехий детташ чекхбаха беза вай. Цхьаъ бен боцу барам бу иза – бахархой уьнах ларбан бисинарг. Сайн аьтто баьллачуьра вистхила луур дара суна махкахошка, шайн хенна прививкаш йе аьлла. Лоьраша бохучуьнга ладогIа деза медицинаца боьзна боцчу нахе ла а ца доьгIуш", - аьлла Кадыров Рамзана, Нохчийчоьнан кIоштийн куьйгалхошца а, министрийн кабинетца а хиллачу цхьанакхетарехь.
Карарчу хенахь, Нохчийчуьрчу 17 кIоштах 11-хьа 60 процент бахархой чекхбевлла вакцинацех.
Махкахь 15 342 стаг уьнца ву, тIаьххьарчу цхьана 24 сахьтехь 121 вахархочуьнца вирус къаьстина. Верриг а коронавирусах товелла 12 860 стаг. 283 дархо велла.
Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь, нагахь санна бахархоша прививкаш ца яйтахь, шога дозанаш деттар ду" аьлла, кхерамаш тесира Кадыровс. Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада полицина а, динан урхаллина а тIедиллира, вакцинаци ян езаш хиларх бахархой кхетош, болх болабе аьлла.
Вакцинаци ярх карах тоьшалла доцуш, ярташка а ца дуьту шаьш, бохуш денна хаамаш бо Нохчийчуьрчу бахархоша. Шайн латкъамаш баржабо цара суьрташца а, видеошца а. Машенлелорхошка сертификаташ хоьтту бохург бакъ ца до республикеру некъан полицин урхалло.