Кхин а цхьана нохчийн латархочо борзанан мидал яьккхина Олимпиадехь
Хатаев Имам – латархо-марзвелларг ву, юккъерчу йозаллин категорехь тасалуш волу. Оьрсийчоьнан спортан говзанча а, чемпион а ву иза, Олимпиадехь дуьххьара дакъалоцуш а ву.
Коронавирусан пандеми бахьана долуш стохка юкъахдевлла Олимпиадин ловзарш карарчу беттан 23-чохь дуьйладелла Японин коьртачу шахьарахь Токиохь.
Маршо Радионо яздира, Товбеца-беттан 28-чохь Гуьржийчуьрчу ПаьнкIазара схьаваьлалчу, Австрин цIарах Токиохь дIахьочу Олимпиадехь тасавеллачу 26 шо долчу Борчашвили Шемала борзанан мидал яьккхина 81 килане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь.