Гуьмсерчу дарбан цIийнан корах чуйоьжна дархо кхелхина
![Гуьмсерчу дарбан цIийнан корах чуйоьжна дархо кхелхина](https://gdb.rferl.org/9EDF87A6-E78F-452C-9F01-F70AD4D84DC4_w800_h450.jpg)
Гуьмса-кIоштарчу дарбан цIийнехь еллачу Нохчийчуьрчу яхархочун хьокъехь талламаш болийна бакъоларъяран органаша, мехкан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин тIедилларца. Яздо цунах лаьцна меттигерчу хаамийн гIирсашкахь.
Болчу хаамашца, пIераскан буса кхо сахьт долучу заманчохь Гуьмсерчу коьртачу лазартнехь дарба лелош хилла зуда реанимацин декъан 6-чу гIат тIера чуйоьжна. Йинчу чевнех кхелхина иза. Хиллачунна тIекхиа гIерташ талламаш бу дIахьош карарчу хенахь.