Полисхой Дагестанерчу шелтере бахар толлуш ду
Мангал-баттахь Дагестанерчу кризисан центрна чулилхина, зударех тийсабеллачу полисхошна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдан реза боцуш бина сацам юхабаьккхина талламо. Карарчу хенахь оцу инцидентна тIехула кхин тIе дIахьош талламаш бу.
Бакъоларъярхочо, Санкт-Петербургерчу депутато Вишневский Бориса дийцарехь, Дагестанерчу прокуратурано дуьхьал жоп луш бина цуьнга и хаам.
Кху шеран Мангал-баттахь шелтерера лачкъийна Тарамова Хьалимат бертаза Нохчийчу дIайигина хиларх дIахьединера цо хьалхо прокуратуре. Бакъоларъярхочо Анохина Светланас бахарехь, полисхошлахь хилла цхьаъ болх беш ву ХIинжа-ГIалин Ленинскан кIоштарчу полицин декъан куьйгаллехь.
Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд-паркан"директоран Тарамов Аюбан йоI ю Тарамова Хьалимат. Зорбанан гIирсаша яздарехь, кадыровхоша ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина иза.
Тарамова ядош гIодинера меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.
Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Тарамова гайтиар меттигерчу "Грозный" телеканалехь. 35 минтеохь яьккхина лерина репортаж гайтира телехьожийло, Нохчийчуьра йоI "лачкъо гIортарх". Видео тIехь цо элира, шен гIуллакхаш дика а ду, цхьаммо а еш гIело а яц шена, "дага ца догIу" шена ша шелтере муха кхаьчна а аьлла.