Кадыров сийсазварна къинтIера баьхна жимачу стага
"Со кхеташ вац, цу дийнахь сайх хиллачух. Мелла вара со, шайтIа доьллера сох. Ас даггара доьху сайна гечдар.... Суна ца хаьа, и хIун дара... Суна хаьа, иза (Кадыров.-Редакцин билгалдаккхар.) бусулбанашна гIо а деш, къинхетаме стаг вуйла", - боху кIанта камера хьалха.
Ролик йовзуьйтуш язйинчу текстехь, постан авторша сийсазво къинтIера бохург, цара дIахьедо "Нохчийчоьнан куьйгалхочух лаьцна муьлхха а харцдерг дуьйцучунна, нохчаша таIзар дийр ду" бохуш.
Кху деношкахь Нохчийчохь полисхоша бехкаш дехира меттигерчу веа вахархочуьнгара, интернетехь оппозицин пабликашка хьежарна. "Профилактикан къамел" деш, дIаязйина видео гучуяьккхира карарчу беттан 11-чохь "ЧП-Чечня"инстаграм-пабликан агIонехь.
Стигалкъекъа-баттахь Дагестанера схьаваьллачу 15 шо долчу кIентан дас-нанас гечдар дийхира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга: Москварчу Чеховехь вехачу кхиазхочо социалан машанашкахь "шайтIа" аьллера Кадыровна.
Кхин а хьалха, Пермерчу кхиазхочо видео дIаязйира Кадыров къинтIера воккхуш, ша цунна "шайтIа" аьлла, ролик яржорна.
Нохчийн инстаграм-каналаша зорбане яьккхира гечдар доьху видео.
Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула кест-кеста доьхуьйту мехкан куьйгалхочуьнга къинтIеравалар. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.