Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Къанлург хиларх ойла а еш. Стенна оьцу нохчаша хIусамаш Туркойчохь?

Къанлург хиларх ойла а еш. Стенна оьцу нохчаша хIусамаш Туркойчохь?

Оьрсийчуьра бахархой бу Туркойчохь 2021-чу шарахь петарш, цIенош оьцучийн могIарахь кхоалгIанаш, хаам бо пачхьалкхан TurkStat институто. ТIаьххьарчу шерашкахь вуно жигара дIаоьцу цигара хIусамаш Нохчийчийчуьра схьабевллачу наха – даймахкахь бехачу а, Европе дIакхелхинчара а. Стен тоьтту уьш Босфоран йистошка?

Туркойчуьра нохчий

Билггал хууш дац мел дукха бу тахана нохчий Туркойчохь. Нохчийчоь Оьрсийн империн декъа а йоьдуш, 19-чу бIешарахь Кавказан тIом бирзича, Османийн импере иттаннаш эзарнашкахь дIакхелхинчу мухIажарийн тIаьхьенех бу дукхахберш. Шаьш цига дIакхаьчча ткъеха юрт йиллина церан дайша, ткъа церан доьзалш тIаьхьо баха хевшина доккхачу декъанна Хонкара, Истамбуле, Антале, Измире.

Османийн имперехь мел вехарг веш хилла документашца "турко", цундела хууш дац церан терахьаш. Ткъа дIакхелхинчийн тIаьхьенан векалша бахарехь, иттаннаш эзарнашна тIера бIе эзарне кхаччалц ду и терахь – 200 шарахь Туркойчохь беха нохчий.

Туркойчуьрчу нохчийн рогIера тоба ю шайн даймахкахь ши тIом лаьтташ, 1990-чу шерашкахь а, 2000-чу шерийн юьххьехь а дIакхелхинчех хIоттаелла.

Измирехь а, Анталехь а хIусамаш оьцу Урдунерчу нохчаша а – Кавказан тIом бахьанехь хьижрат динчу нехан тIаьхьенаша. Царна цигахь карайо, цара шаьш бахарехь, паргIато, тийналла. Бакъду, Урдунера муьлхха а нохчо вац цигахь цIенош, петарш эца таро йолуш: Iедалехь, парламентехь, Урдунан эскарехь къахьегнарш бу уьш коьртачу декъанна. Шатайпа маьIна ду и нах шайн дай схьабевллачу махка а ца гIерташ, Туркойчохь сецаран.

Кхин а цхьа тоба ю Туркойчохь нохчийн – цига деша баханарш. Уьш дIахIуьтту туркойн институташка,доьшу, болх бо махкахь, иштта бухабуьсу баха.

Нохчийн-эцархой а, нохчий-риэлторш а

Туркойчоь цуьнан бахархоша лелочу динца герга ю нохчашна: цара лелош долу суннатийн ислам ду пачхьалкхан доккхачу декъа тIехь лелаш. Шайн даймахкахь тIемаш лаьттачу заманахь Европе дIабахначу нохчашна санна, бух карийна церан махкахошна Туркойчохь а. Ткъа Нохчийчу юхабаха ца хIуьтту дукхахболу мухIажарш – ца го царна цIахь кхерамзалла ю ала хьелаш, амма Туркойчоь ца хета шайн даймахканна сов юьстах.

Германехь 15 шо хан йоккхуш волчу Эрсноев Зоврбека (оха хийцина цуьнан цIе цо дехарца, амма цуьнца динчу къамелан аудио ю Кавказ.Реалиин редакцехь) дуьйцу ша дукха хан йоццуш Туркойчохь петар эцарх а, и ша стенна эцна а:

- Цхьаъ делахь, суна иза инвестицин проект ю: деш лаьттачу цIа чохь эцна ас петар, иза йина яьлча, 1,5 шо даьлча, сан лаккхарчу мехах йохка йиш хир ю иза. ШолгIа делахь, цигарчу нехан юкъаметтигаш тайна суна, къам, дин бахаьнехь бац къийсамаш, арахьара махка баьхкинчу нахаца гамо а яц цигахь. КхозлагIниг, къанлург хиларх ойла а еш, эцна ас, шераш девлча мегар ду цига ваха дIаваха, даймахканна герга".

Эрсноевс дийцарехь, тахана дукха бу цунна бевзарш Туркойчохь хIусамаш эца дагадеана, царалахь бу Германера, Австрера, Францера нохчий.

Кавказ.Реалиин корреспондентан къамел хилира Истамбулехь хIусамаш эцарца-йохкарца болх бечу бизнесхочуьнца Ризванца: цуьнан дукхахболу клиенташ бу Оьсийчуьра бусалбанаш, цхьана декъанна нохчий.

"Масийтта декъе бекъало Туркойчохь хIусамаш оьцу нах. Цхьаберш, са яккха лаам болуш, петарш оьцурш бу – мехаш бу кхузахь хIора кхо бутт баьлча бесташ, тIаьххьарчу шарашкахь уьш лакхабевлла 50–60 %. Вуьйш бу кхуза шаьш садаIа баьхкича бухахь Iан меттиг шайна оьцурш, шайн петарш ханна туристашка ло цара мехах, я дIа а лой, баха чуховшабо бухара нах. Кхин цхьа тоба ю Европера схьаоьхурш – царна хIусакм кхузахь эцар дораха нисло. Шаьш къанбелча, парггIат баха лаьа царна Туркойчохь", - бохура Ризвана.

Цунна хетарехь, Туркойчу дIакхелхаш болу нах теша цигахь экономика дебар ю бохучух. ТIаьхьалонах теша уьш. Европаца дуьстича, хIусамийн мехаш а бу Туркойчохь лахара.

Анталехь ши шо хьалха лакхабевлира петарийн мехаш Нохчийчуьра бахархой бахьанехь. И гIала евза бесалбанашна цигарчу хIордайистошца динлелочарна лерина алссам луьйчийлаш хиларца.

"Уггаре хьалха нах Туркойчу ийзораш кхузахь хIусамийн мехаш царна тар ду. Кхузахь деш лаьттачу цIа чохь петар эцначу стагна иза шен долайоллушехь ваха мегаш ду цу чохь, "юьхьанцара ремонт" оьшуш ца хуьлу ян. Хьалха чохь нах баьхна хIусамаш а ца хуьлу вон я еза", – дуьйцу Туркойчохь гIишлойн эксперт волчу Яричев Расула.

Цо дийцарехь, жил-Iалам а, хенан хIоттамаш а бу Туркойчохь нахана товш, меттигашка хьаьжжина, масех тайпа.

***

Кавказ.Реалиино хьалхо яздира Туркойчуьрчу нохчийн диаспорах лаьцна. Оьрсийчуьра араваьллачу вахархочунна хала дац цигахь саца. Баттанна петар лоцург долу 300 доллар, коммуналан гIуллакхашна дала дезарг хуьлу 30 доллар а, сов а. Баттахь яа-мала, кегий хьашташна дайъа оьшу 500 доллар. Бераш школехь латто оьшу 100-150 доллар баттахь, берийн бешах ло 200 доллар гергга. Шарна петар лаьцча, туристан виза ло хьешашна, бакъо ю банкехь ахча латто а.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Врач Шарапова высказалась о заражении ботулизмом домашних продуктов

На северо-западе Москвы построят три школы до конца 2025 года

Россиян призвали добавлять в воду фрукты и специи

США уведомили РФ о приостановке действия пунктов налоговой конвенции 1992 года

Музыкальные новости

«Понял, что скоро позовут в «Динамо»: 17-летний ставропольский футболист играет за команду мастеров

В аэропорту Пулково задержали девять рейсов и отменили еще два

В Лужниках состоялась церемония открытия Всероссийской Спартакиады Специальной Олимпиады

В столице Бурятии в городе Улан-Удэ в театре кукол «Ульгэр» 14-16 июня пройдут «Волшебные выходные»! - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Новости России

Россиян призвали добавлять в воду фрукты и специи

США уведомили РФ о приостановке действия пунктов налоговой конвенции 1992 года

Владимир Леонов об Играх стран БРИКС: «Ждем рекордов»

Остин со стаканом. Перед началом нового этапа эскалации глава Пентагона озвучил "потери России". Расшифруем?

Экология в России и мире

Скидки по поводу и без от Mirihi Island Resort

Prada, коллекция menswear весна-лето 2025

Волосы не выпадают, они стали гуще, а на лице разгладились морщины. Затрачивать можно 5 минут на массаж затылка, лба и головы

Звуковые щетки для детей RL 035 Kids Pink от Revyline в онлайн-магазине Ирригатор.ру в Екатеринбурге

Спорт в России и мире

Самсонова обыграла Александрову и вышла в финал турнира WTA в Хертогенбосхе

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

Скачков и Тайлакова выиграли соревнования по настольному теннису на Играх БРИКС

«Надо чем-то жертвовать». Арина Соболенко отказалась ехать на Олимпиаду в Париже

Moscow.media

Heroje H288BW- портативный сканер штрих-кодов с интерфейсом Bluetooth

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

Женщина провалилась в яму в центре Саратова. Начата проверка







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *