300 сов стаг велла лоруш ву Нохчийчохь коронавирусах
![300 сов стаг велла лоруш ву Нохчийчохь коронавирусах](https://gdb.rferl.org/5a0f1b91-9d91-452d-93a9-a96f746d9432_tv_w800_h450.jpg)
Нохчийчуьрчу Роспотребнадзор урхалло бинчу хаамца, 309 стаг велла лоруш ву республикехь коронавирус кхетар бахьана долуш. Товбеца-беттан 29-гIа дийне кхаччалц лаьрча, и ун гучдаьлчхьана ерриг а республикехь COVID-19 толлуш йина 1 213 044 тест. Царах 3 920 ю тIаьххьарчу 24-а сахьтехь йина