ВЦИОМ: 17 шарахь ца хиллачу кепара лахделла Оьрсийчохь харжамхойн терахь
![ВЦИОМ: 17 шарахь ца хиллачу кепара лахделла Оьрсийчохь харжамхойн терахь](https://gdb.rferl.org/65D94D23-EC19-4431-8C6A-383FA9D80930_w800_h450.jpg)
Харжамашка лелачу нехан терахь кху тIахьарчу 17 шарахь ца хиллачу кепара лахделла Оьрсийчохь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Оьрсийчоьнан бахархойн социалан а, политикан жигаралла: мониторинг" олучу ВЦИОМа бинчу талламехь.
2004-чу шарахь таллам беш хаттарш динчу 55% бахархоша олура, шаьш цхьацца харжамашкахь дакъалаьцна хиларх лаьцна. 2021-чу шарахь харжамашкахь даькъальацна шаьш аьлла жоп делла 22% респонденташа. 17 шарахь 8% тIера 6% кхаччалц охьадаьлла харжамийн кампанеш вовшахтухуш дакъалаьцначу нехан терахь, 5-нна тIера 3% лахделла митингашкахь а, кхечу акцешкахь а дакъалаьцначу нехан терахь.
Респондентех цхьана декъо дийцина шаьш цкъа а дакъалаьцна цахиларх лаьцна юкъараллин дахарехь. 2011-чу шарахь цу тайпа нах 61% процент хиллехь а, ткъа хIинца уьш бацц 45% а бен.
ТIаьхьарчу 14 шарахь президентах тешачу нехан терахь алсамдаьлла шозза гергга. 2007-чу шарахь и терахь дара 10%. 2007-чу шарца дуьстича дукха кIезиг наха (15% респонденташа) жоп делла политикан а, юкъараллин а дахарца бала бац шайн аьлла.
Таллам дIабаьхьна Товбеца-беттан 11-хь 1,6 эзар 18 шаре беллачу Оьрсийчуьрчу бахрхошна юкъахь. Таллам баран кеп яра – тлефонехула хаттарш дар.