Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"ГIашсалтичун хьоло декхарийла во". Муха бевлла Кадыровца дарж "къовса" бохкурш?

Демократин юкъараллехь хуьлучу харжамийн кеп ю масех кандидато дарж къовсар. Сурт иштта гайтархьама бевлла гурахь тIекхочучу харжамашкахь Кадыров Рамзанца Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж къовсур долу нах. Амма тергамчийн шеко а яц хинболчу харжамийн жамI тахханехь девзаш ду бохучух.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин векалца Кадыров Рамзанца къовсур ду шиммо: компартерчу Накаев Халид а, "Нийсонан Оьрсийчоь – патриоташ - бакъдолчуьнгахьа" партерчу Хаджимурадов Iисас а.

Мехкан куьйгалхо юхахоржу де ду 2021-чу шеран Гезгмашин-беттан 19-гIа, оццу дийнахь хоржур бу республикехь парламентан керла декъашхой а. Мехкан цIарх Пачхьалкхан Думе а, республикерчу 14 къоштан, Соьлжа-ГIалин, кхечу шина гIалин думе а бу халкъан векалш юхахоржуш.

Нохчийчохь 19 парти ю официалехь шайн кандидаташ харжамашкахь хьалхататта а, референдумашкахь дакъалаца а бакъо йолуш. Амма махкарчу парламенте кхочурш яц масех парти бен: "Цхьаалин Оьрсийчоь" (цуьнгахь ю коьрта бакъо, регионан парламентерчу 41 меттигах 37 кхочу цунна), компарти, "Нийсонан Оьрсийчоь" (шишша депутат).

Харжамийн комиссин хаамца, Товбецан-беттан 1-чохь махкахь вехаш вара 754 031 харжамхо.

Хаджимурадов Iиса а, Накаев Халид а

Кадыровца дарж къовса кечвелларг ший а ву Нохчийчуьрчу шайн партийн дакъойн коьртехь. Республикерчу "Нийсонан Оьрсийчоь" партин декъан лидер ву Хаджимурадов Iиса, Накаев Халид – Оьрсийчоьнан Федерацин компартин регионерчу декъан хьалхара секретарь. 51 шо ду шиннан а.

Хаджимурадов Iиса вмна Астрахан-махкахь, филолог ву иза, чекхаъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан университет. Пачхьалкхан даржхочун некъ цо болийна 1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан латтанийн департаментехь. 2000-чу шерийн юьххьехь кегийрхойн гIуллакхех жоп луш хилла иза, парламентан депутат ваьлла 2008-чу шарахь, куьйгалла дина зорбанан, информацин министраллах.

2020-чу шеран Зазадаккху-баттахь Соьлжа-ГIалин мэр хIоттийра иза, амма шо даьлча цуьнгара дарж дIаделира мехкан куьйгалхочун маьхче, 30 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмаде.

Тахана иза ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин хьалханчин гIовс.

Мангал-беттан 14-чохь хиллачу "Нийсонан Оьрсийчоь" партин махкарчу декъан гуламехь хьалхатеттина цуьнан кандидатура мехкан куьйгалхочун харжамашка. Ткъа цул тIаьхьа кхо де бен юкъа ца дулуш, I7-чохь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе ваха кандидат а хIоттийна иза.

"Иштаниг дан магош ца хилча, Хаджимурадовн документаш дIаэцна а хир дацара", – аьлла жоп делира Нохчийчуьрчу харжамийн комиссин векалша, шайга, низамехь дуй цхьана дийнахь хуьлучу харжамашкахь мехкан куьйгалхочун а, Оьрсийчоьнан парламентан депутатан а даржашка ваха стаг гIортар бохучу хаттарна дуьхьал.

Хаджимурадов байначу баттахь вийцаваьккхира прессехь. Харжамашка иза кандидат язвалар а дацара иза – нохчийн пабликашкахь наха ша хесто волийча, шен инстаграм-аккаунт дIакъевлира цо.

Кадыровн шолгIа конкурент – Накаев Халид – ТIехьа-Мартанара ву. Цо, гIишлошъярхочо, чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалара Миллионщиковн цIарах йолу мехкдаьттан институт. 1994-2012 шерашкахь ТIехьа-Мартанан кIоштан администацехь цхьацца даржаш хилла цуьнгахь. 2012 -2016 шерашкахь Соьлжан кIоштан (Аьрга-Хишка) куьйгалхочун хьалхара гIовс лаьттина иза.

2016-чу шарахь Накаев мехкан парламенте хаьржира – индустрин, энергетикан, транспортан, зIенан гуIллакхашкахула йолчу комитетехь вара иза.

Кавказ.Реалиин редакцино блиц-хаттам бира нахе кандидатех лаьцна Соьлжа-ГIалахь. Къамеле ваьллачу итт сов стаге ца аладелира мила ву Накаев, цуьнгара хIун хьуьнарш дийлина мехкан куьйгалхочун дарже ваха хIоттал. Ткъа хаьара хаттар шайга деллачу нахах дукхаболучарна Хаджимурадов мехкан коьртачу шахьарахь мэр Iийна вуйла. Жоьпаш деллачарна гарехь, ший а кандидат хьалхатеттина кепана, моттаргIин дуьхьа.

Демократех ловзар

"Харжамаш (аьлча а, кеп) лелайо Iедална лигитималла кхачийтархьама. [Оьрсийчоьнан президентана] Путинна а, Кадыровна а халкъ шайца ду ала некъ луш.

 

Ала тарло, харжамаш бо цхьана декъанна Малхбаленна дIагайтархьама. Лигитималла оьшу пачхьалкхана шен дозанашна чохь а, арахьа а. Амма соьга хаьттича, Путинна алссам оьшу чоьхьара лигитималла. Даглоцур вай харжамаш, кепана, Советан Iедало а хIиттош хилла зама", - аьлла елира Кавказ.Реалиина комментари Америкерчу The Jamestown Foundation хьукматан Къилбаседа Кавказан аналитика Дзуцати Валерийс. 

Эксперта билгалдоккху Кадыров шел лакхарчу даржхочух возуш волу хьаькам хилар.

"Шега хаьттича, цунна лууш хила а тарло Нохчийчоьнан паччахь хила, амма ша Путинан гIашсалти хиларе терра, шен шеф шел лакхара хилар билгалдаха декхаре ву Кадыров. Ткъа шегара дарж харжамашца караоьцуш хьийзачу Путинна хьалха мила ву Кадыров, изза харжамаш Нохчийчохь а ца хIитто? " – билгалдоккху Дзуцатис.

Нохчийн яздархочунна, журналистна Тарамов Майрбекна хетарехь, Путинан амалш, лелар шена масале оьцу Кадыровс. Ша харжамашка юьллу шен кандидатура гIарайоккхуш, хIинца цо юкъаийзийна Европера нохчий а тIехь – 100 ззарнал сов болу Европерчу пачхьалкхашкара мухIажараш а бу шегахьа, алархьама леладо иза.

Тарамовс бахарехь, кхерамна кIел хIуттур вара нохчашна веза а везаш, лара а лоруш волу стаг, иза дарж къовса харжамашка ваьлча, ткъа гучуваьллачу шина кандидатна вага бахьана а дац.

"Харжамийн маршо ю иза, кхаьжнаш парггIат тосуьйту кеп ю бохург аьттехьа а дац. Оьрсийчохь президент хийцавелча бен хир вац Нохчийчохь кхин куьйгалхо, амма иза а хир ву Кремло хIоттийна, цхьа фамили кхечунах хуьйцур ю, цунах "демократин харжамаш" эр ду", - тешна ву Европера нохчийн юкъараллин жигархо Солтаханов Iелам-Паша.

Дагалаца догIу Кадыров Рамзане мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца аьлларг ша Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хилар.

2021-чу шеран гурахь хоржур ву Къилбаседа Кавказерчу еа регионан куьйгалхо – Кадыров а санна, шаьш шайн мехкийн коьртехь бисаре догдоху Кхарачой-Чергазийчохь Темрезов Рашида а, Дагестанан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а куьйгаллехь Iачу Меликов Сергейс а, Меняйло Сергейс а. Оцу еа республиках, деккъа дIа кепана хилла а, маьрша харжамаш хуьлуш яц цхьа Нохчийчоь бен.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

"Сибирские врата ада" в Якутии расширяются быстрее, чем предполагали ученые

Москвичам рассказали, стоит ли ждать нашествия кровососущих этим летом

Праздники 19 июня 2024 года заинтересуют своими традициями и историей

Вильфанд: температура на 1-2 градуса ниже нормы ожидается в Москве

Музыкальные новости

Группа Metallica даст виртуальный концерт в Fortnite 22 июня

Сказка Ульгэра «Волшебные башмачки Элли» по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города» - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Сергей Собянин: Активно укрепляем отношения с Китаем

Бизнес-омбудсмен Москвы оказывает поддержку НМСП

Новости России

Канада ввела санкции в отношении высокопоставленных следователей из ЯНАО

Кемеровчане предложили сотрудникам мэрии пересесть на общественный транспорт

"Сибирские врата ада" в Якутии расширяются быстрее, чем предполагали ученые

Акция «Чистые окна»

Экология в России и мире

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Россиянам предложили премиальные туры сразу в 2 страны: рейсы начнутся из 8 российских городов

Три спектакля о любви, которые можно посмотреть этим летом

Modest fashion day 2024

Спорт в России и мире

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Кирилл Скачков из Новокузнецка стал победителем Игр стран БРИКС-2024

Саснович победила на старте квалификации турнира WTA-500 в Берлине

Россиянка Людмила Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосе

Moscow.media

На одном из перекрестков Северного района Орла не разошлись мотоцикл и микроавтобус

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Отделение СФР по Москве и Московской области выплатило единовременное пособие при передаче ребенка на воспитание в семью 474 семьям региона

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

Hyundai привозит в Россию старый добрый седан по цене LADA Vesta







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *