Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Литван дозанхоша чу ца буьту къайлаха шайн махка кхача гIерта мигранташ

Литван дозанхоша шинарин буса юхаберзийна, Беларусера, доза а хадош, шайн махка кхача гIерта иттаннаш мигранташ. Цуьнах лаьцна хаам бина LRT телеканалана комментарий еш Литван чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто Абрамавичюс Арнольдаса.


Оршотан дийнахь Литван чоьхьарчу гIуллакхийн министралло омра арахецна официалан талламан-чекхволуьйтучу меттигашкахула а ца богIуш шайн доза хадо гIоьртинчу нахана дуьхьал ницкъ баккха бакъо луш. Дозанхой декхаре бина и нах талламан-чекхволуьйтучу меттигашка хьовсо.


И сацам тIеэцна Иракъера а, Гергарчу Малхбалера кхечу пачхьалкхашкара а, Азера а мигранташ Беларусехула Литва кхача Iалашонца тIегIоьртина а болуш.


Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Билотайте Агнес куьг таIийначу документехь аьлла ду, йихкинчу меттигашкахь хаа а хууш доза хадо гIерта нах лара безаш бу зулам деш болуш санна.




Литван чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто Абрамавичюса дийцарехь, цкъа дуьххьара адамаш варе до, гарехь, шу некъах тилла хила мега, шу кхечу пачхьалкхан территори тIе довлуш ду олий. Амма уьш кхин дIа а доза хадо гIортахь царна дуьхьал боккхур бу ницкъ.


Цуьнца цхьаьна, Литван Iедалша шеконе ца дуьллу къайлаха болчу мигрантийн дехар дан бакъо хилар шайна тхов кIело йоьхуш.


ХIара шо доладелчхьана, дозанца йолу посташ а юьтуш, Беларусехула Литва кхаьчна 4 эзар гергга стаг. Оццул дукха уьш хилла бацара цкъа а. Мигрантийн терахь цIеххьара алсамдаьлла тIаьхьарчу масех кIиранах. Цхьацца буса Литван дозанхоша лоцу шайн доза хадош воллуш волу 100 сов стаг. Литва Евробартан декъашхо ю. Мигранташ тховкIело яларе сатуьйсуш хуьлу цигахь кехаташ делча шайн Евробартан территори тIехь баха аьтто хир бу бохуш.


Литван Iедалша бехке йо официалан Минск, цо къобул йо миграци Лукашенко Александран режимна дуьхьал луьра позици лаьцначу махкана бекхам бар Iалошонца бохуш.


МухIажарш ханна дIатарбан меттигаш кхоьллина Литвахь. Литван Iедалшна хетарехь, и нах баьхкина цхьа а царна кхерам боцчу Беларусера, цундела церан цхьа а бакъо яц Литвахь тховкIело еха. Цкъачунна Литва кхаьчначу нехан гIуллакхаш толлуш ду. Iедалша церан дехарш юхатоьхна а, къобалдина а меттиг бац.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *