Ши бер хьийзорна лаьцна Нохчийчуьра яхархо
Кхечуьнца цхьана цо молханаш мелош хилла берашна, царна уьш вуно зене дуй а хууш, аьлла ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу талламан урхаллан сайта тIехь.
Зудчунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Талламан комитетан Грозненски олучу кIоштийн юкъарчу талламан декъо. Юьйцург ю "кхиаза ши бер хьийзор" криминалан кодексан артикл.
2018-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу цхьана берийн бешахь жимачу кIантана йиттинера цунна тIехь Iуналла дан хIоттийначу хьехархочо. Прокуратурно бинчу хамца, хIиттийначу видеокамераша дIаяздина хиллера, берана зудчо еттар. Иштта гучудаьлла, хьехархочун говзалла а йоцуш иза болх беш хиллийла цу берийн бешахь.
Кхин а цхьа шо хьалха Нохчийчохь 51 шо долу Невран кIоштара Новотерски эвлара яхархо бехке йинера 5 шо долчу йоIана еттарна. Цу зудчо, коьртах а, дегIах а хIума етташ, хьийзош хилла бер масийтта баттахь. Талламхоша бинчу хаамца, йоIан да-нана дIасадаьллачул тIаьхьа йоI деца йисина хилла, амма 2017-чу шарахь Товбеца-баттахь иза цIераваьлла, шен бер гергарчу зудчун тергонехь а дитина. ЙоIанна етташ хиларх лаьцна полице хаам бина лулахоша. Цул тIаьхьа сихха дарбанан хIусаме охьайиллина дегIа тIехь еттаран ларш йолу йоI.