Кадыровн вешин кIентан метта министр хIоьттина цуьнан ненайишин кIант
Цо хийцина оцу даржехь Радыров Рамзанан вешин кIант, 24 шо долу Кадыров Хьамзат (2004-чу шарахь веллачу Кадыров Рамзанан воккхаха волчу вешин Зелимханан кIант). Нохчийчоьнан куьйгаллехь хиллачу хийцамех лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.
Белхалошна керла министр вовзуьйтуш республикан премьер-министро Хучиев Муслима дIахьедина, Ибрагимовс "министраллан болх керлачу диккаллин тIегIане боккхур бу" аьлла.
Ибрагиомв Турпал-Iела Гермачигахь вина ву. Шелан кIоштан куьйгалхо а, республикан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а администрацин куьйгалхочуьнан хьалхара когаметтаниг а болх бина ву иза. Кадыров Рамзанан ненайишин кIант Ибрагимов Турпал-Iела вевзаш ву республикехь "Бастрый" тиллинчу цIарца.
Кадыровн полкехь сержант хиллачу Оьрсийчуьра веддачу Гезмахмаев Сулеймана дIахьедира, 2017 шарахь Дечкен-баттахь Ибрагимовс дакъалецира аьлла лецна нохчий, бина талллам а, йина кхел а йоцуш, байъарехь.
2018-чу шарахь ГIура-беттан 8-хь буса Аргунера Соьлжа-ГIала чувулучехь тIетIакхеттера Шелан кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас урхалла дон Mercedes а, кхо адам чохь долу "Жигули" а машенаш. Жигулина чохь хилла зуда а, цуьнан йоI елира оццу меттехь, доьзалан да велира тIаьхьо дарбанан хIусамехь. Ибрагимовн гIаролхоша телефонаш схьаяьхнера и бохам хуьлуш гинчу тешашкара, ткъа ша иза къайлавала гIоьртинера некъахьовзам хиллачу меттера. ТIаьхьо цо Оьрсийчоьнан низамаш тергоне ца оьцуш дIанисдира некъахьовзамца доьзна хаттар кхелхинчу нехан гергарчаьрца.