Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ECHR кхело луьстур бу гIалгIайн хиллачу полисхойн латкъам

ГIалгIайчуьрчу МВД-н патрулан-постан сервисан (ППС)хиллачу 13-тта белхахочо бина латкъам листа тIеэцна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ECHR, ЕСПЧ). Дийцарехь, уьш ОМОН-ан белхахойх ларбан гIоьртинера 2019-чу шарахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а административан доза нийса хIоттийна дац аьлла дуьхьалонан акце арабевллачу митинган декъашхой.


"ППС-н белхахойн омра дацара маьрша акци дIасалалла аьлла, оцу хьаштана республике ялинера кхечу регионера ОМОН. ППС-н белхахой цIий ца Iанадайта гIоьртира, амма ши минот яьлча царна омра деллера дIасадовла аьлла, цара иза кхочуш а дира, хIоьттина хьлал чолхечу ца даккха", - дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте гIалгIайн хиллачу полисхойн адвоката Гнездилова Ольгас.


Балхара дIабаьхначу полисхоша кхетадо, шаьш цигахь шина минотехь бен ца лаьттира, цу кепара уьш гIоьртинера Росгвардин эскархой а, хьалхарчу могIаршкахь къена нах болу дуьхьалонан акцин декъашхой а тасабалар сацо, бохуш.


Дуьхьалонан акци дIасалаьллинчул тIаьхьа шолгIачу дийнахь куьйгалло балхара дIаваьккхира 13 полисхо, "чоьхьарчу гIуллакхийн белхахочун сий дойъуш леларна" аьлла. Цул сов бехктакхаман гIуллакх долийра "омра кхочуш ца дарна". Оцу артикалца полисхой чубохка богIура, 5 шаре кхаччалц хенаш а тухуш.


Цуьнца цхьаьна, талламхошна хетарехь, тасадалар юхатоха гIоьртинчу полисхойн "политикан ойланаш а, лаам а цхьаьнабогIуш хиллера бакъо йоцуш митинга вовшахтоьхначаьрца".  



"ГIалгIайн бехктакхаман гIулллакхехула" бехке бийраш дуьхьалонан акцеш еш бара Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьна а юкъара доза нийса билгалдаьккхина дац бохуш. 2019-чу шарахь Зазадоккху-беттан 23-хь Магасехь хилла митинг дIайирзира ОМОН-ца а, Росгвардица а тасадаларш а хуьлуш. 
Хьалхо бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар) политикан тутмакхаш бу аьлла, дIакхайкхира гIалгIайн  оцу дуьхьалонан акцешна хьлахабевлла лелларш.


 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *