Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

 Зеленский: ГIирма "цкъа а хир яц оьрсийн территори"

Украинин президентана Зеленский Владимирна хетарехь, Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма а, Донецкан а, Луганскан а кIоштийн территореш а Украино доладан юхаерзор – "хенаца доьзна хаттар" ду, хаам бо Свобода Радионо. Оьрсийн маттахь йолчу "Дом" телеканалана интервью луш Зеленскийс билгалдаьккхина, ГIирма "цкъа а хир яц оьрсийн территори" аьлла.


ГIирмах лаьцна дуьйцуш йолу видео зорбане яьккхина Зеленскийн телеграм-каналехь. "Оккупаци йинчу нахана цкъа а езар яц ГIирма, тхуна иза ма еззара", аьлла Украинин президента. Цо юха а билгалдабккхина ГIирма шайн латта хилар, ша жима волуш цига эхар дага а доуьйтуш.


"Иза церан латта дац, церан тIаьхьенаш кхуьур яц кхузахь. Церан бераш кхузахь дац. Уьш лийр а бац тхан латта бахьана долуш. Иза цкъа а хир яц оьрсийн территори. Хир яц-кх иза цкъа а", - дIахьедина Зеленскийс.




Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан Iедалийн аьтто хир бац истори юхаязъян. Масала, ГIирмера гIезалой цкъа а реза хир бац анекси ярна. Украинин президентана хетарехь, ГIирмин бахархой мацца бирзина а "шайн цIа боьрзур бу".


ГIирмина аннекси йира Оьрсийчоьно 20I4-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. Украинехь президентан Янукович Викторан Iедал дохийначул тIаьхьа Оьрсийчоьно эшен эскарш хьажийра цига. ТIеман ницкъаша урхалла а деш, шех дIатохарх лаьцна референдум йира ГIирмехь Оьрсийчоьно.


Зеленский Владимира дуккхазза а дийцина ГIирмах лаьцна хаттар дIадирзина ца хиларх лаьцна. Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьедарш до ГIирма хьена ю боху хаттар дийцаре дийр доцуш дIадерзийна хиларх лаьцна. Иза шегара дIайоккхур йоцу территори хета Оьрсийчоьнна.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *