Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Хаамийн гIирсашна гатто хIоттийнарш

Хаамийн гIирсашна гатто хIоттийнарш

Оьрсийчохь я Беларусехь бозуш боцу хIара я важа хаамийн гIирс репрессешна буханисбаларх лаьцна керланиг даржар могIара бакъдерг хилла лаьтта кхушара. И болам, тIаьххьарчу беттанийн хиламаш тергалбича, шуьйрра баьржаш бу дуккха а кхечу пачхьалкхашкахь а, яздо Свобода Радионо. Цу тIе, авторитаран режимаш, гарехь, кхетта, журналисташна гIелояр, уьш байъар, кхерамаш царна тийсар, дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш гIиттор а санна эвсара, церан багош дIакъовла таро луш кхин некъаш а буйла.

Дешан маршо хьошуш пачхьалкхашкарчу Iедалша дукха хьолехь ца йоху юкъа гуш а, эхье а лоруш йолу гIелонаш – цара протесташ гIовттайо, сов тидаме юьжуш а йоцу кепаш лелайо. Масала, цхьацца тептарш кхуллу, "экстремистийн" а, "арахьарчу агентийн" а рееестраш, доьхку банках пайдаэцар, дIайоху хаамийн гIирс латто елла лицензеш, ткъа къечу мехкашкахь доьхку белхан техника эца, ца оьцуьйту ур-атталла шекъа а. Оцу хьокъехь дуьйцу зорбан маршонийн мониторинг ечу "Доза доцу репортераш" цхьаьнакхетаралло шен рогIерчу хаамехь.

Цхьаьнакхетаралло 2016-чу шарахь арахеца йолийра шатайпа интерактиван галерей - "Прессин маршо хьоьшурш" ю цуьнан цIе. Журналисташца гамо кхобучу, царна тIехь гIело латточу "37 пачхьалкхан буьрсачу куьйгалхойн" суьрташ ду уьш. Оцу нахах 20 стаг Iедалехь Iен ю ткъа шо сов хан, ткъа 17 цхьаьнакхетаралло шен Iаьржачу тептара язвина кху муьрехь. Цара массара а я дуьххьал дIа, я къайлах арабоху шайн карара ницкъаш журналисташ байъа, хьийзо, иза шайн карах а деш, шайн "куьйгаш цIийла ца дузахь а", боху документо.

"Доза доцу репортераш" цхьаьнакхетаралло кхушара карлаяьккхинчу прессин маршонан Дуьненаюкъарчу индексехь цIечу басахь билгалъяхначу пачхьалкхийн коьртехь ву 19 "гаттолатторхо". Журналисташна болх бан кхераме лору цIен басахь гайтина мехкаш. "Гатто латторхойн-пачхьалкхашлахь " 16 ю Iаьржа басахь гойтуш – цигахь журналистийн хьал "гуттар а доьхна ду" бохург ду иза. "Гаттолатторхойн-куьйгалхойн" юккъера легийна хан ю 66 шо. Оцу тиранех кхоалгIа дакъа (13) ду Азин-Тийна хIордан реигонера (оцу юкъайогIу Оьрсийчоь а).

Путин Владимир

Документо бахарехь, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа цкъа а ца хилла Оьрсийчохь дешан маршо тахана санна къевлина. Къаьсттина хьешна журналистийн бакъонаш пачхьалкхерчу полицино а, къайлахчу сервисаша а Навальный Алексейгахьа лаьттинчу протесташца доьзна. Интернетехь цензура ю чIагIъеш 20I2-чу шарахь дуьйна схьа – арахецна дуккха а репресеш ен низамаш, йихкина дукха контенташ, чIагIдина информацина тIехь тергояр, бихкина онлайн-юкъарло лоттуьйту гIирсаш, кхоьллина нах зуьйш йолу системаш.

Талламан авторш а, дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн хьукматаш а, демократин новкъахь йолчу пачхьалкхашкара политикаш саготта бу Оьрсийчохь Кремлна критика ен, оппозицехь болчу хаамийн гIирсаш кара журналисташ хьийхош хиларна. Къаьсттина шагъелла режим Пачхьалкхан Думин харжамаш гергабахка боьлча, боху документо. "Доза доцу репортераш" цхьаьнакхетаралло шарахь цкъа хIотточу прессин маршонан Дуьненаюкъарчу индексехь Оьрсийчоь ю 158-чу меттехь – берриг бу 180 меттиг.

Мангал-беттан 15-чохь Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин сацамца "хила хьашт йоцчу хьукматийн" могIара яьккхина информацин "Проект" хьаст –цо "конституцин хIоттамна а, пачхьалкхан кхерамзаллина а" зен дохьу боху. "Проектера" журналисташ Баданин Роман, Маняхин Петр, Чуракову Ольга, Железнова Мария, Лукьянова Юлия, иштта "Открытые медиа" газетера Ярош Юлия а, Гликина Максим а, Свобода Радиора Маетную Елизавета а язйина "арахьарчу агентийн" тептара.

2017-чу шарахь юкъаяьккхина "лааме боцу хаамийн гIирсаш" олу статус. Дуьххьара цуьнан тIегIане хIоттийра "Открытая Россия" сайт. Британехь тIечIагIйинчу Open Russia и Otkrytaya Rossia компаница зIенехь хиларна дира цунна и таIзар. Иштта нисделча, керла проект юкъаяьккхира журналисташа - "МБХ медиа".

Кхушеран Охан-баттахь Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" реестре язйира "Медуза" – цунна арздинарг вара Юкъараллин тергаман комиссин декъашхо, "Антимайдан" боламан координатор Ионов Александр. Хьоло эшийна информацин хьастан позици. VTimes сайт кхайкхийра "арахьара агент", ткъа цул тIаьхьа масех кIира даьлча дIакъовла дийзира журналистийн шайн хаамийн гIирс.

Мангал-бутт боьрзуш Ионовс дIахьедира, "Новая газета" мел нисдан таро ю "арахьарчу агентийн" могIара даккха, ткъа Товбецан-беттан 23-чохь цо арз хьажийна Инарла прокуратуре, "Важные истории" газета а оццу бехканна талла, аьлла. Деношкахь Оьрсийчохь магийна йоцчу сайтийн реестре баьккхина кхин а ши хаамийн гIирс: талламийн центр "Досье" а, бакъоларъярхойн Gulagu.net проект а.

Лукашенко Александр

Къаьсттина шуьйра болар эцна хьийза прессина дуьхьал репрессеш Беларусехь. Мангал-беттан 30-чохь президента Лукашенко Александра дIахьедира, махкахь тIех сов яьржина дешан маршо, иза , "экстремизмалле йирзина", аьлла. Кхушара иттаннаш журналисташ лецна Беларусерчу ницкъаллин урхаллаша, дIакъевлина махкахь гоьдалла хилла "Тут.by" интернет-газета, экстремистийн могIара даьккхина дозуш доцу "Белсат" телеканал.

Чиллан-беттан 18-чохь Минскехь ши хан тоьхна набахтехь яккха "Белсат" телеканалан журналисташна Андреева (Бахвалова) Катеринина а, Чульцова Дарьина а, Минскехь дIадахначу шеран Лахьан-баттахь Минскехь лаьттина гулам гайтарна.

Товбецан-беттан 25-чохь Беларусан юстицин министралло мехкан лакхарчу кхеле дехна Беларусан журналистийн ассоциаци (БАЖ) дIакъовлар. Оцу цхьаьнакхетаралло хаам баржийра, стохка Iедало 480 журналист полице вигина хилла, 97 лаьцна, лаххара а 62-нна тIехь гIело латтийна, аьлла.

"Доза доцу репортераш" цхьаьнакхетаралло бахарехь, 2017-чу шарера схьа Оьрсийчоьнан, Беларусан, Китайн, Мисаран, Шемин, ГIадаройчоьнан, Мьянмин, кхин а дуккха а мехкийн Iедалша политикаца, ницкъаца, экономикаца гIелонаш а латтош, лаххара а дIакъевлина 22 газета.

Си Цзиньпин

2012-чу шарахь Китайн Компартин Инарла секретарь, Китайн Халкъан Республикан куьйгалхо Си Цзиньпин хIотттичхьана схьа Китай уггаре луьра гаттолатторхо хилла лаьтта журналисташна: деккъа цхьана 2021-чу шарахь лаьцна 115 хаамийн гIирсийн белхахо, кхерамна кIел ду церан дахар. Пекинна шайн болх товш боцу журналисташ кхобу "шаьша бехачохь цхьана меттехь" – дуьненца зIе йоцчу изоляцехь, "Iаьржачу набахтешкахь" гIелонаш ловш бу уьш.

Цхьа миллиард интернетах пайдаоьцу нах тергонехь кхобу "Китайн кибер-аренан урхалло", куьйга кIел ю иза Си Цзиньпинан. Китайхь хаамийн гIирсаш декхаре бу хьаькамаша аьлларг дан а, "Китайн Коммунистийн партин лаам баржо а, пачхьалкхан сий, цхьааалла язъян а".

Цигахь 2019-чу шарахь журналисташ декхаребира шайн смартфонаш чу Study Xi, Power Country программаш хIитто – Iедало иштта тергонехь латтадо дерриг а, къевлина кхобу дешан маршо.

Керри Лам

2017-чу шарахь Китайно ша оккупаци йинчу Гонконган администрацин коьрте хIоттийра Керри Лам. Цу ша дарже йоьддушехь гайтира шен луьра амал, ша Си Цзиньпинан лаам кхочушбан еанийла. "Патриотизм" яржош, массо тайпа цензура латайо цигахь. 2019-чу шарахь меттигерчу низамашна юкъадалийра Пекин резайоцу Гонконгера журналисташ лецар а, "йоккхачу" Китай набахтешка дIахьийсор а. Оцу низамна резабоцуш гIевттира гонкогхой, амма къиза хьаьшира церан протест полицино.

Керри Лам яра 2019-чу шарахь Китайн политикана резабоцуш гIевттинчу журналистийн акцеш ницкъаша хьаьшинарг, лецна журналисташ Китий дIахьийсор къобалдинарг. Оцу гулIчанна дуьхьалоеш гIевттира протесташ, хьаьшира уьш къизаллица, ницкъ бира иттаннашкахь журналисташна.

Пекино 2020-чу шарахь арахецна "Къоман кхерамзаллех долу низам" а къобалдира Керри Лама – цо Китайна бакъо ло шен политиканна резавоцу гонконгхо, иза «экстермист» а, «террорхо» а веш  лаца а, Китайрчу набахтешкахь кхаба а. Ткъа деш долу таIзар ду стаг валлалц набахтехь латтор, вер.

Гонконгехь, масала, Мангал-беттан 23-чохь дIакъевлира уггаре доккха газета Apple Daily – Китайрчу Iедало йихкина цунна банкаш, бац некъ белхахошна алапа дала а, кхийолу харжаш ян а. Оццу деношкахь лецира газетера коьрта редактор а, кхин а кхо куьйгалхо а.

ЭрдогIан Реджеп

Туркойчоьнан президентна ца беза хаамийн гIирсаш – аьлча а, беза уьш шена муьтахь хилча, цара шена зурманаш лоькхуш хилча. "оскорбление Президент сийсазварна" я " терроризм къобалъярна" лаца тарло цигахь журналист. Цхьанна экономикан, политикан гIирсашца шен куьйга кIел кхобу ЭрдогIана медиатобанаш (къаьсттина телекомпанеш).

2016-чу шарахь оппозицин ницкъаш махкахь карчам бан гIоьртича лецна вуно дукха журналисташ, дIакъевлина 100 сов газет, журнал, телеканал, радиостанци. ТIаьххьарчу пхеа ашарахь таIзар дина Туркойчохь I00 сов хаамийн гIирсийн белхахошна, цхь ажурналист вийна Бурса гIалахь цо "президентна дуьхьал ден къамел цатайначо".

Деккъа цхьана 2020-чу шарахь лаьцна Туркойчохь 50 гергга журналист – Желтойчоьнан дозанехь мигранташ гулбаларх а, падемин хьолах а лаьцна маьрша яздарна.

Мадуро Николас

Венесуэлин президент а "боливархочо- социалиста" иза легитимехь ца лору дуккха а йолчу Малхбузерчу пачхьалкхаша – шен куьйга кIелъэцна Венесуэлера массо а медиахьасташ. Лецна латтабо цо пачхьалкхехь экономика эшийна, юьртбахам лахбина, зуламаш даржийтина, коррупцина тIекарло йо аьлла яздеш мел хилла жирналисташ, цхьаберш бевдда дIабахана махкара. Пресссин маршонан Дуьненаюкъарчу рейтингехь 2014-чу шарахь 148-чу меттехь яра Венесуэла.

Шен болх 2018-чу шарахь журналистийн шаьш арадоккхучуьра сацо дезна 1943-чу шарахь кхолладеллачу, махкахь гIарадаьлла хиллачу El Nacional газета. Амма онлайн версеш арахьоьцу цо, цундела ду Iедалан луьрачу тергонна кIел. 2021-чу шеран Стигалкъекаъ-беттан 14-чохь полицино дIалецира газетин коьрта редакци, ткъа цуьнан коьрта редакторна тIедожийра Мадурон уллерчу хьаькамна, Венесуэлин Социализман партин вице-президентна, иза газето «сийсаз варна» 13 миллион Американ доллар охьадиллар. Оцу гIуллакхо шен редакцех даиманенна даккха мега хIинца El Nacional газета. Иза доцуш, масех хаамийн гIирс бехкебо Iедало, боху уьш низамехь хаьржина Iедал дохо гIерта "мостагIийн цIуьхьар" ю. ГIелонна кIел ю оппозицин хаамийн сайташ Efecto Cocuyo, Caraota Digital, El Pitazo, Radio Fe y Alegría. Цара "Iедал карчорхьама арахьара ахчанаш оьцу", чIагIдо Мадурон администрацино.

Бин Салман Мухьаммед

СаIудин Iаьрбийчохь къавеллачу паччахьа Бин Iабдул-Iазиз Ал СаIуди Салмана шен воI Мухьаммед шен метте хаийчхьана дуьйна лакъош ю махкахь дешан маршо. Уггаре йоккха "журналистийн набахте" ю СаIудийн Iаьрбийчоь. Цигахь шерашкахь чубоьхкина кхобучу журналистех лаьцна олуш а дац уьш стенна лецна. Эриг а хуьлу "даймохк юхьаIаьржа хIоттор" и "пачхьалкх сийсазъяр" и "арахьарчу хьукматашца болхбар".

Журналисташна дуьхьал Эр-Риядо кхоьллина цхьацца ладугIу, тергоен гIирсаш. Стамбулехь, СаIудийн Iаьрбийчоьнан векалтехь, кескашка ваьккхина, къиза вийра Iедална критика еш лелла журналист, эмигрант, Washington Post газетан редактор Хашшоги Жемал.

30 гергга журналист воллу тахана цигарчу набахтешкахь. Юкъараллехь дебаташ ян еза я зударийн бакъонаш эшош ю аларна лецна бу царех дукхахберш. 2009-чу шарахь дуьйна доьналлин васт хилла веха юкъараллехь блогер Бадави Раиф, набахтехь ву иза, 15 шо хан а тоьхна, 1000 гIаж тоха а кхачийна цунна "ислам сийсаздарна"

Мин Аун Хлайн

ТIеман карчамца 2021-чу шеран Чиллан-баттахь Iедале веъначу Мьянмин куьйгалхочо диллина гIелонехь кхобу шен махкара хаамийн гIирсаш. Мин Аун Хлайн ша вара фейк-хаам а баржийна, 2017-чу шарахь рохинжа-къома тIехь геноцид йолийнарг. Оцу хьокъехь критика ен хаамийн гIирсаш хьашна цо, дIакъевлина махкахь йозуш йоцу медиа.

Ала дашна, Москвано лоруш тIеоьцу иза – хилла цигахь ялхазза. Оцу пачхьалкханна духку Оьрсийчоьно герзаш, Мьянмин эскарша дакъалоцу Оьрсийчохь хIитточу тIеман Iаморашкахь.

"Доза доцу репортераш" цхьаьнакхетаралло яьхначу 37 "маршохьашархочун" тептарахь ву Къилбаседа Кореян диктатор Ким Чен Ын, Шемин президент Асад Башар, Туркменистанан куьйгалхо Бердымухаммедов Гурбангулы, Экваторан Гвинеян хьалханча Теодоро Обианга Нгема, кхиберш.

Оццу могIаршкахь ву Азербайджанан лидер Алиев ИльхIам а, Мисарара куьйгалхо Iабдел Фаттахь ас-Сиси а, Кубин лидер Мигель Диас Канель а, Никарагуан куьйгалхо Даниэль Ортега а, Таджикистанан да Рахмон Эмомали а, Филлипиний коьрта хьаькам Дутерте Родриго а, хIиндойн премьер-министр Моди Нарендра а.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Иномарка насмерть сбила девушку в Москве

Экс-глава «Автодора» остался в неоплаченном долгу // В погашение нанесенного им ущерба в два миллиарда пойдут старая иномарка, часы и чуть более 300 тыс. рублей

Депутата вернули в суд и домой // Обвиняемую в мошенническом получении денег от застройщика освободили из СИЗО

Шахтозадержание // Ликвидаторов шахт заподозрили в махинациях

Музыкальные новости

Сергей Собянин. Главное за день

МОК не допустил до Олимпиады сильнейших борцов и тхэквондистов из России

В Дубне сотрудники Росгвардии помогли утиному семейству перейти оживленную трассу

РБК: в Москве из-за случаев ботулизма приостановили продажу некоторых продуктов

Новости России

Шахтозадержание // Ликвидаторов шахт заподозрили в махинациях

Адская жара +38 градусов уже на подходе: Вильфанд рассказал о погодных аномалиях

В России ввели новые правила регистрации автомобилей в ГИБДД и получения номеров

Вратарь сборной России по футболу Лунев подписал контракт с московским "Динамо"

Экология в России и мире

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Фрукт с сюрпризом: доктор Кутушов рассказал, чем опасен съеденный червь

Доктор Кутушов: не стоит носить кроссовки в жару

Smena SS-2024

Спорт в России и мире

Саснович победила на старте квалификации турнира WTA-500 в Берлине

Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосхе

Курникова показала трогательные фото Энрике Иглесиаса

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Moscow.media

Женщина провалилась в яму в центре Саратова. Начата проверка

Выплаты в ОСАГО в I квартале этого года выросли существеннее, чем сборы

Зелёная щурка.

Портативный сканер штрих-кодов Heroje C1271 промышленного класса







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *