Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Соьга цабезам гIаттабо цара". Бераш нене дIа ца ло Дагестанехь (чакхе)

Шен кхаа ненаца хила бакъо къуьйсу Дагестанерчу яхархочо Церетилова Нинас. Байначу беттан юккъехь цуьнан хиллачу майрачун Церетилов Мохьмадан ден бакъонаш гатйира, ткъа шолгIачу дийнахь цуьнан воккхахволу кIант, 14 шо долу Мухтар вайра. Жимахдолу ши бер – 12 шо долу Марьям а, 9 шо долу ИбрехIим а, стенгахь ду цунна ца хуу масех бутт а бу. Бераш лохуш полици а яц, уьш могуш-маьрша ду аьллачу дена тIе а тийжаш.

Стенгахь ду бераш? ХIун хьал ду цаьргахь? Дешарца дерг а муха ду-те церан? Берех дIакхета гIертачу юкъанна шех Iитталучу дуьхьалонех дийцина Церетилова Нинас Кавказ.Реалии портале.

- ГIуран-баттахь дас шаьш дIадигинчул тIаьхьа хиллачух лаьцна хIун дийцира хьуна кIанта?

- Да шайца башха хуьлуш а вацара, бохура Мухтара. Дикка хан яьккхира шаьш боху Унцукуль эвлахь Муса цIе йолу цхьа стаг волчахь. Ойла йича, сан 12 шо долу йоI Марьям хийрачу стеган хIусамехь хилла-кх да-нана цхьана а доцуш! Цул тIаьхьа денана а, деда а долчу дIабигина уьш, тIаккха Мохьмадан йижаршца хан яьккхина цара. Бераш цхьана тховк1ела дерзон таро яц цуьнан. Шина баттахь тIера бедар хийца аьтто боцуш лийлира шаьш, бохура кIанта, цхьаммо а юьттуш ца хилла, керланиг оьцуш а ца хилла. Жимахволу ИбрехIим компьютерх воьзна ву. Цуьнца бала болуш цхьа а вац, цуьнца деш къамел а дац.

Мухтаран психикаца сиркхо гучуяьлла. Даим а дог таьIна хуьлу иза, динехь синтем лоьху цо. Ламазан хан ма хилли, секундана а тIаьхьависарна кхоьруш, дIахьоду иза. Эхасахьтехь ламаз оьцуш Iа иза, юх-юха куьйгаш цIена дуй а хьоьжуш. Ас цкъа а новкъарло ца йина Мухтарна ламазна тIехь, амма кху хьолехь суна ца хета, дин лардарца доьзна ду иза аьлла, цхьа невротикан гучудаьлла хIума ду-кх иза. Со хууш яц муьлхачу маьждигашка иза лелийна, цунна хIун чу диллина? Динан радикалийн Iаткъамна бухахь хила а тарло иза. Ас схьавалочу хенахь ирча хьал дара цуьнгахь. Оцу беттанашкахь эвсара доцчу хьелашкахь хан яккхар а, сина тIеIаткъамбар а, шога психологин Iазапехь латтор а тIедаьллера цунна. Психологашка онлайнехь къамелаш дойтура ас цуьнца, массажаш яйта кхуьйлура – цуьнан букъ цхьа тамашен къовлабелла бара, стрессо организмана йина реакци яра иза.

- Бераш хьуна дуьхьал дохий?

- Соьга цабезам гIаттабо цара. Iаламат чIогIа стресс хиллера Мухтарна, цо дагалоьцу: "Мама, хьо ен лууш ма вара со". ХIуъа дина а хIара хьал чекхадаккха лууш хилла. Билггал шен дех кхоьруш ву Мухтар. Ас иза дIавуьгучу хенахь Мохьмад тасавеллера сох, сан телефон а йохош. И дерриг а гуш волу Мухтар хебна Iара, ша хIун дан деза а ца хууш.

– Хьуна дуьхьал тоьшалла дайта кхеле кIант вало дагахь хиллера Церетилов?

– ХIаъ. Цо чIагIдо ша алименташ латтийна, амма кара дIалора бохуш. Оцу аьшпашна тIетан везаш хуьлура Мухтар, берех воккхахверг хиларе терра.

– Эхашарахь школе лелла дац бераш. Цунна хIун дийр ду?

- Уьш Мохьмадца дисахь, со кхоьру, дан хIуммаъ дац. Цунна берашка дешийтар коьрта дац. Нагахь санна, формалехь цхьанхьа доьшуш уьш хилахь а, юкъ-кара бен лелуьйтур дац цо уьш школе – суна дукхазза гина хIума ду и.

- Мохьмадан ден бакъонашна тоьхна дозанаш даста тарлой?

- ХIаъ, нагахь санна, цхьана хеначохь иза хийцалахь, цуьнан дехарца кхелан къепехь тоьхна дозанаш достур ду. Цхьа хан ма ло пачхьалкхо стагана меттаван. Тоьхна дозанаш муха дара аьлча, бераш кхетош-кхион а бакъо яцара цуьнан, соьгара пурба доцуш хIуммаъ а царна дан йиш яцара цуьнан: дIасабига а, ша волчахь бита а, школе нисбан а. Бакъонехь кхачам боллуш церан верас хила магош дацара цунна.

– Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Меликов Сергейс Зазадокху-баттахь дехар дира полицига, хьан бераш цIадерзош гIо де аьлла. Цунах жимма а накъосталла хилирий хьуна?

– Гучудаьлла хIума-м дац.

- Нагахь санна, кхелан сацам кхочушбахь, бераш хьоьга дIалур ду, Мохьмадан юха а уьш лачкъон ка ера юй?

- Ден бакъонашна доза тухуш бина сацам болх бан болалахь, цунна хала хир ду и дан. Нагахь санна, хьал хийца ца лой, къахьега дезар ду сан цуьнгара йоллу бакъонаш дIаяхийта, низамашкхаь берашна хийра стаг хир ву иза тIаккха.

- Кху деношкхаь Мохьмада интервью елла Дагестаерчу "Новое дело" газетана. Цо боху, алименташ дала дезий шена хууш дацара, ткъа бераш "доларчу онлайн школехь" доьшуш ду. Бакъ дуй и?

- Цкъа делахь, терго тIеозон луур дара суна, интервью лучу заманчохь Мохьмада кIантах лаьцна дуьйцуш, кеста шена иза гур ву аларна. И ду тоьшалла, Санкт-Петербургера Мохьмад хийрачу наха дIавигина хиларан. Ткъа хьалхо полицехь динчу дIахьедарехь яздина цо, Мухтар цIа вало ша ваханера бохуш.

2018-чу шеран Охан-баттахь Мохьмада ша куьйг яздира, алименташ тIеэгош гIуллакх долош хиларх бинчу сацамна, ткъа масех бутт баьллачул тIаьхьа административан жоьпалла тIедожийра цунна, алименташ ца даларна. Цундела, шен декхарх цунна цахуийла данне а дац. Цул тIаьхьа а ца лора цо берашна ахча.

"Доларчу онлайн школех" дерг аьлча, лергашна томехь хеза. Ма-дарра аьлча, берашка "доьзалехь дешийта" гIертара иза,ткъа и ма дац онлайн дешар. 15 баттахь цкъа аттестаци хуьлу цигахь, цхьана а агIор аьтто бац хаа, беран метте тест дIалуш верг мила ву. Берашна тIехь Iуналла латточу хьукмато кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу комиссица а, кIоштарчу администрацица а школашна лерина юкъахь сацам бина – дешаран оцу кепе бераш ма даха, аьхка муьлхха елла а экзаманеш цаьрга дIаялийта аьлла, ахшо ма ду уьш доьшуш боцу.

"Новое дело" ресурсана еллачу интервьюхь Церетиловс билгалдоккху, шен хиллачу хIусамнанна бакъоларъярхочо, Кавказерчу зударех язъечу "Даптаран" коьрта редакторо Анохина Светланас Iаткъам бо аьлла. Ишта кхетийна цо, шен бераш къуьйсучу зудчо лелочух. Оцу тIехула Анохинаца зIене велира Кавказ.Реалиин корреспондент – "беламе" лору цо Церетиловна хетарг. Берашна Iен а, даха а метиг къастош духхьара кхеташо хилале хьалха еанера цунна тIе Церетилова Нина.

Суьдхочо Нинин пирсинг а, татуировкаш а йийцар хиинчул тIаьхьа еара бакъоларъярхо кхеле: оцу кепарчу ненан башхаллаша "шен бераш лело а, оьзда хила а" новкъарло йина меттиг цунна гина бац.

"Цхьа тамашен, Iаламат дера стаг ву Мохьмад, - дуьйцу цо. – дуьххьара тхан довзар хилира: "Хьо юй Светлана Анохина?" аьллачу цуьнан хаттарца. Ю элира ас. ТIаккха телефон хьала а яьккхина, со дIаязъян волавелира иза. Ас сацийта элира, амма иза юха ца волура. Кхелан кхеташо йолаялале учахь тхо лаьттачу хенахь дара иза. Пурстоьпашка гIо дийхира ас, тхо ларде Мохьмадах аьлла. Цунна тIебахначу цара цхьаъ элира, суна хетарехь, ша дIаяздинарг дIадайира цо. Видео цхьнхьа а гучуяьлла цахиларна хета суна, дIаяйина аьлла.

Анохинас бахарехь, цул тIаьхьа Церетилов шен хиллачу хIусамнанна тIевоьдуш, цуьнца баьхкинчеран кочаоьхуш, дIаволавелира. Вика цIе йолчу цхьанна тIевахана, иза "сийсазъеш, цунна тIе пIелг хьежош, сонта хIуманаш дуьйцура". Изза леладора кхелан гIишлочохь а.

"Ас суьдхочуьнга дехар дира, Мохьмаде къепе ларъяйта аьлла. Амма эрна дара иза. Кхелахочо шен абсурде сацам бовзийтинчул тIаьхьа, со а, Нина а араелира. Тхуна ца лаьара иза ган. Амма Мохьмад улохь нисвелира, мийраш лестош, доккхачу хазахетарца хаьттира цо: "Делан ницкъ хаабелин хьуна?"

"Далийна харц тоьшаллаш а, аьшпаш а "Делан ницкъ" цунна хетахь, цуьнан иманца а, иза динехь хиларца а цхьаъ лартIахь дац".

Ша дика да хиларх тоьшалла деш, Церетиловс кхеле еанера шен хиллачу зудчун инстаграман сторизийн роликаш, дагадоуьйту Анохинас - шен "оппонентан оьзда доцуш лелар" тIечIагIдайтархьама.

Цхьа барз кехаташ деанера Церетиловас, ша берийн дола деш хиларх, церан могушалла Iалашъярх, дика доьшуш хиларх дина совгIаташ дара, садаIа эхийтаран тоьшаллаш а цхьана дара.

Церетилов Мохьмадан ши зуда ю карарчу хенахь. Анохинас бахарехь, Церетилова Нинин юьхь тIе кислота тухур ду ша бохуш, кхерамаш тийсина цу шиннех цхьаммо. Оцу зудчуьнца вехаш а ву Мохьмад, цигахь дара дайна бераш а, - боху цо.

"Суна хетарехь, гIад дайначу хьелашкахь ду бераш, гIийла дог-ойла а йолуш, - дуьйцу Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь юристо Ляликова Екатеринас. - Оцу цхьана баттахь а, эхабаттахь а Нинин аьтто ца хилира Мухтар меттавалон. Шега далург дерриг а дира цо: психолог лецира, арахула цуьнца йолаелла лелара, досуг дIахьора, къамелаш дора. Да волчуьра Мухтар цо дIавуьгучу хенахь, цхьа тамашен дог доьжна вара иза. Нанна дуьхьал ваьккхинера иза дас, Мухтар динна чуволарх пайда а оьцуш. Делахь а, шегахьара а ца латтийра цо берашна самукъане, тайна, доьзалехь хуьлуш йолу атмосфера".

"Къамелана тIера воцчу" Мухтара дийцинарг зийча, Ляликовс жамI до, бераш шаьш шайна дехаш хиларх. Жимахдолчу шина берехь долу психологин хьал а кхин дала делла ду аьлла ца хета цунна.

"Берашна хала ду кхета, шайн да харц хила мегара бохучух. Цхьана агIор, нанна сагатдо цара, вукху агIор – дегара а, дехошкара а хезарг ду - иза мел вон ю, оцо йойу церан нене йолу марзо. Берийн дахарехь йоккхачу хеначохь школа яц, цигахь мукъна а берийн гIайгIанашка боьрзур бара уьш. Бераш ледарчу хьолехь ду цкъачунна, и хьал дерзо шайн ницкъ кхочур а боцуш".

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Роспотребнадзор обзвонил 911 человек и выявил 17 случаев с симптомами ботулизма

Жильцы дома в Протвине рассказали о тараканах из квартиры собирателя мусора

Российские школы нашли у себя «учеников-экстремистов» для отправки в лагеря. Их попросил об этом пранкер под видом властей

Подопечную Фонда друзей балтийской нерпы вернули в дикую природу

Музыкальные новости

Галина Ржаксенская впервые стала участником ПМЭФ в Санкт-Петербурге

Филипп Киркоров, Люся Чеботина, SHAMAN – 25 ярких звезд в Открытой студии «Авторадио» на «Премии МУЗ-ТВ 2024»

Сказка театра Ульгэр в Бурятии «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир волшебства - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети:

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Новости России

Художники из более чем 20 стран соберутся на фестивале «Традиции и Современность» в Москве

Воробьев: создание зимнего сада у «Крокуса» обсуждается с собственником

конченные козлы дома

Аналитик Плотников: продления IT-ипотеки на 2025 год можно не ждать

Экология в России и мире

Жена туриста, убитого электрическим током во время купания в джакузи на курорте, подала в суд прямо с больничной койки

Местные жители заполнили пляж, пытаясь выгнать оттуда туристов на популярном курорте: отдыхающие напомнили им, откуда они получают зарплату

Первый Международный фестиваль «Мир классического романса»

Компания ICDMC презентовала свой первый уникальный БАД

Спорт в России и мире

«Надо чем-то жертвовать». Арина Соболенко отказалась ехать на Олимпиаду в Париже

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Курникова показала трогательные фото Энрике Иглесиаса

Людмила Самсонова не отдала голландскую траву // Она продолжила серию российских побед на теннисном турнире в Хертогенбосе

Moscow.media

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

Триумфальное возвращение Льва Лещенко на сцену спустя месяцы затишья. Артист презентовал дуэт с солистом группы “Парк Горького” Сергеем АРУТЮНОВЫМ

Портативный сканер штрих-кодов Heroje C1271 промышленного класса

Кинотеатр GOS-FILM: твой гид в мире фильмов







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *