Дагестанерчу боксёра Батыргазиев Альберта дашо мидал яьккхина Олимпиадехь
23 шо долу Батыргазиев Альберт вина Дагестанерчу Геметюб эвлахь. НогIийн къомах ву иза.
Оьрсийчуьра 2020-Олимпиаде баханчу спортхойн 15-гIа дашо мидал ю иза. Ерриг а цара яьккхина Токиохь 55 мидал.
Хьалхо Японин коьртачу гIалахь Токиохь дIайоьдучу Олимпиадехь греко-риман кепехь леташ Олимпин ловзарийн чемпион хIоьттина ГIалгIайчуьра спортхо Евлоев Муса. Финалехь цо эшийна Эрмалойчуьра латархо Алексанян Артур.
Оьрсийчуьра нохчийн къомах волчу боксёра Хатаев Имама борзана мидал яьккхина Токиохь дIадоьлхучу Олимпин ловзаршкахь.
Оьрсийн тобанан декъашхо волчу нохчийн дзюдоиста Башаев Тамерлан борзана мидал яьккхина Олимпиадехь 100 сов кила йозаллин категорехь. Ахфиналехь иза эшийра Гуьржийчуьрчу спортхочо Тушишвили Гурама.
2020-Олимпиадехь дакъалоцуш бу кхечу пачхьалкхашкахь беха нохчийн спортхой. Иштта 26 шо долчу Австрин Олимпин тобанан декъашхочо Гуьржийчуьрчу Панкисехь винчу дзюдоиста Борчашвили Шамила яьккхира Токиорчу Олимпиадехь борзана мидал 81 кила йозаллан категорехь леташ.