Apple картанаш тIехь украинхойн маттахь Нохчийчоь Ичкери аьлла билгаляьккхина ю
Американ Apple компанино украинхойн маттахь долчу карташ тIехь Нохчийчоьнан Республика къастийна ю "Нохчийн Республика Ичкерия" аьлла, яздо ТАСС агенталло. Apple Maps картанаш оьрсийн маттахь лелош делахь, Оьрсийчоьнан регион нийса билгалъяьккхина ю, амма iPhone уркаинхойн матте яьккхича, официалан Apple аппликацино гойту Оьрсийчоьнан и субъект "Чеченська Республіка Ічкерія"* аьлла.
ТIемаш боьлхучу заманчохь "Нохчийчоьнан Республика Ичкерия" цIе яра лелош нохчийн гIаттамхоша. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа (1991-2000-чу шерашкахь) гучуелира къобал ца йина Нохчийн Республика Ичкерия Нохч-ГIалгIайчоьнан хиллачу дозана тIехь. Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчоьнан эскархоша контртерроран операци дIахьочу заманчохь дIаяьккхира иза.
1992-чу шарахь Нохчийчоьнан Республикано йозуш йоцчу пачхьалкхан конституци тIеийцира Зазадокху-баттахь, амма цхьана а пачхьалкхо – ООН-ан декъашхочо тIе ца ийцира.
I994-чу шеран ГIуран-баттахь Оьрсийчоьнан президент хиллачу Ельцин Бориса омрана куьйгъяздира, Нохчийчохь конституцин къепе юхаметтахIоттош, ткъа оццу беттан 11-чохь Оьрсийчоьнан эскарш республике чудаьхкира.
ГIура-беттан оцу Iаьнан дийнахь болабела и тIом бахбелира 1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-гIа де тIекхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан агIонаша динчу маслаIатца Нохчийн Республикан статус билгалъяккха езаш яра 2001-чу шеран ГIура-беттан 31-гIа де тIекхачале.
Ма дарра аьлча (де-факто), Нохчийчоь юха а хилира йозуш йоцу пачхьалкх. Тахана а билггал хууш дац оцу тIамехь кхелхинчу нехан бакъдолу терахь. Нохчийчохь тIом а баьлла адамашка бала боьссина де тергал деш а дац карарчу Нохчийчохь долчу Iедалша.