Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

КIистий, я Гуьржийчуьра нохчий. Паьнказан истори (чаккхе)

КIистий, я Гуьржийчуьра нохчий. Паьнказан истори (чаккхе)

Паьнказан чIаж – Гуьржийчоьнан Кахетера, Алазань хин ирхошкара Ахмета муниципалитет. Карарчу хенахь цигахь ю 16 нохчийн юрт. Царех шайн коьрта шахьар лору бахархоша уггаре йоккханиг – Дуиси.

Ши бIешо гергга хан ю Паьнказахь нохчий беха. "КIистеби" олу царех гуьржаша. Муха кхаьчна уьш цига, муха кхоллаелла гуьржашца юкъаметтигаш, нохчийн муьлха тайпанаш ду царалахь? Оцу хьокъехь Кавказ. Реалиин "Кавказан хроника" подкастан автора Вачагаев Майрбека къамелдира историкца, чIожан этнографех, хиламех лаьцна дуккха а тептарш арахецна волчу Хангошвили Хасухица.

Дуисехь масех стага тIеэцна хилла керста дин, бусалбанашца буьстича, дукха хилла а бац иштанаш. Юьрт йилла баьхкинарш бусалба а болуш баьхкина, цундела килсан луург чекх ца даьлла.

Дах ца делла оцу нехан керсталла. XX бIешарахь, Iедалан шайн бала боцийла хиича, юха бусалба дине бевлла уьш а, юьртахь цул тIаьхьа массо а хилла бусалба.

– Суна яйна, со Паьнказа вахана волуш, Джоколера килс. ДогIа тоьхна лаьттара иза, цига лелаш нах бац, элира соьга, гарехь, иза заманах йисина гIишло бен яц.

– ХIаъ, иштта ду иза, туристаш бен ца хуьлу цигахь. Иза хIинца историн, синбахамаллин хазна бен яц.

– Оьрсийн импери йоьхча, 1917-чу шарахь, муха тIеэцна Гуьржийчохь керла Iедал чIожан бахархоша?

– Тхо кхузахь вежарий санна даьхна, ца хилла къаьмнашна юкъахь гамо, ларуш даьхна вовшийн Iадаташ, дин. Амма Оьрсийн импери йоьхча цхьацца проблемаш юьйлаелла. Тхан регионехь ваьхна массарна а вевзаш хилла эла, меньшевик Чолокашвили Какуца. Ломан регионехь гIаттам айбина цо йозуш йоцу Гуьржийчоь 1924-чу шарахь большевикийн караяхча. Паьнказахь кест-кета хуьлуш хилла иза. Массо а кIистой цуьнгахьа латтар цецвийла хIума а дац. Дуй биина доттагIий хилла цуьнан кхезахь. Иза тешаш хилла нохчех. Цара цхьана тIемаш бина большевикашна дуьхьал. Паьнказара нохчех боцчу цхьа нах большекикашкахьа бевлла, къовсам баьлла кхузахь. 1921-чу шарахь Тбилиси дIалаьцна большевикаша, Советан Iедал дIахIотто долийна Гуьржийчохь. Большекикашкахьа болчу нохчашка дита а дуьтуш, герз дIадаьккхина кхузахь нахера. Iедале баьхкина чIожахь большевикашца хилла бахархой. Делахь а, тхо кхузахь машарехь даьхна, дехар а ду.

– 1944-гIа шо – нохчийн къоман историн къаьхьа агIо. Советан Iедало нохчийа, гIалгIай а, массо а меттигашкара дIа а лехьабеш, дIахьийсийна Казахстане а, ГIиргIазойчу а. Паьнказара нохчий хье ца байта муха баьлла аьтто? Депортацех муха хьалхабевлла уьш?

– Дерг муха хилла аьлча, нохчий кхузахь шаьш Паьнказах бохур бац моьттуш а ца Iийна, мелхо а, шаьш бохор бу бохуш, кечлуш хьийзина. Суна тхан дас а, кхечу къаноша а дуьйцура, шаьш шайна депортаци йийр ю аьлла хеташ, бежаний дайъина, жижиг а дакъийна Iийра, дама, кхиерг а кечйинера, аьлла. Далла хастам бу, ца нисделла ишта.

Суна хетарехь, тхо кIелхьара даьккхинарг дут хан паспорташ тIехь, къам гойтучохь, нохчий ду аьлла яздина цанисдалар – «кIисти» олий яздеш хилла хьалха. Тхан нохчийн фамилеш гуьржийн кепе яьхна язйина. ШолгIа делахь, гуьржийн Iедална, халкъанна, Iилман а, куьлтуран а интеллигенцина гергахь тхо пачхьалкхера къам хилла, сванаш а. хевсураш а, бацой а санна. Царна хууш хилла нохчийн а, гуьржийн а орамаш юкъара буйла. Вайн Iадаташ а, менталитетан дуккха а агIонаш тера ю вовшех. Гарехь, цара дика мах хадийна тхан. Уггаре коьртаниг, тешийна пачхьалкх кIистий Iедална муьтIахь хиларх.  Бакъдерг ала деза, Сталина а, Берияс а вайнах, нохчий а, гIалгIай а даймахканна тешнабехк бина я немцошкахьа бевлла аьлла ца баьхна махках. ХIан-хIа. Нохчийчохь, ГIалгIайчохь шайна Советан Iедал дIа ца хIоттаделча йина царна депортаци. Вайн къам даима а хилла Iедална дуьхьал, цундела лаххьийна даьккхина махках. Ткъа тхуна гIодина гуьржийн Iедало, Iилманчаша, куьтуран интеллигенцино, яздархоша.

– Паьнказа кхиош къахьегначу масех кIисточун цIеяккхалур ярий хьоьга?

– Ас школехь болх бина 28 шарахь, оха даима дозалла дина тхаьш нохчий хиларх, дозалла дина кхечунхьа ца боьлхуш, кхузахь тхайн дай баха севцца хиларх. Дукха бу Паьнказара нохчий кхетош-кхиийна, царна диканиг дина нах. Масала, Албуташвили Мате. Иза керста хилла ву, Джоколорчу килсехь мозгIар хилла иза, школехь а хьехна, нохчийн къам дезаш ваьхна. Нохчийн маьлхий тайпанах хилла иза. Дукха пайда кхаьчна цуьнгара Паьнказарчу нохчашна. Хьехархо а, адвокат а хилла, кIистошний, кхузарчу кхечу къамьанашний юкъахь барт латтош ваьхна иза. Тхан даймохк, тхан Iадаташ, тхан амалш йийцина цо шен этнографин "Паьнказан чIаж" жайнехь. Иза ешча, цецвер ву хьо, оццул воккха патриот, керста, нохчо оцу заманахь ваьхна хиларх.

Ваьхна, масала, Маргошвили Юсуп, хьехархо хилла иза а, 1922–1924-чу шерашкахь Дуиси юьртахь дуьххьара школа йиллина цо. Азербайджанехь хьужарахь дешна хилла цо, хьехна Iаьрбийн мотт. Уллера вевзаш хилла цунна Чермоев Тапа (глава Горской республики в I917–I918-чу шерашкахь лаьттинчу Ламанхойн Республикан президент – ред.).

Буьритехь а, Нохчийчохь а ваьхна Маргошвили, амма дерриг а дIа а тесна, школа а йиллина, шен дерриг а дахар кIистошна дIаделла цо. Гуьржийн яздархочун Казбеги Александран жайнеш нохчийн матте а даьхна цо.

Дукха бу нохчийн хьесапах, хотIах ца къаьсташ, нохчий хилла баьхна кIистой, масла, Мехкан-Кхелан декъашхой. Уьш массо а баьхна Паьнказахь шайн къоман Iадаташца, ламасташца. Нохчалла тхаьшка схьакхачийначу оцу нахах дозалла до ас. Уггаре коьрта сан дозалла ду со нохчо хилар.

***

Хангошвили Хасухах дуккха а ехира шайн чIожахь баьхнчу, нах Iамош, шайн къоман гара кхиош леллачийн, лелачийн цIерш. Уьш бу: этнограф Маргошвили Лайлаъ, историк Борчишвили Эдуард, яздархо Хангошвили Нона, журналист Бордзикашвили Сулхьан, Шавхелишвили АбрахIам, филолог Шавхелишвили Белла, дуккха кхиберш.

Дахар хазлуш ду тахана Паьнказахь, Тбилиси кийча ю Гуьржийчоьнан и тайна агIо тоян, шо шаре мел дели дебаш лаьттачу туристийн могIаршна товр йолчу хьесапе ерзо.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Что ждет посетителей выставки «Россия» в пространстве Москвы на следующей неделе

СК задержал мужчину, потушившего свечи и напавшего на прихожанку храма в Москве

Лучшим наставником АО «Желдорреммаш» 2024 года стал работник Ярославского ЭРЗ

МВД: с начала 2024 года из России выслали более 30 тысяч иностранных граждан

Музыкальные новости

Совместное заявление участников круглого стола, приуроченного ко «Дню защиты прав безвинно осужденных»

Бизнес-омбудсмен Москвы оказывает поддержку НМСП

Филипп Киркоров, Люся Чеботина, SHAMAN – 25 ярких звезд в Открытой студии «Авторадио» на «Премии МУЗ-ТВ 2024»

Муфтий Гайнутдин пожелал Путину помощи Аллаха для побед

Новости России

Алькарас попросит перенести матч ради встречи Испания — Италия на Евро

В Москве после массового отравления задержан повар, готовивший фасоль

Как на дрожжах. Почему количество сдавших ЕГЭ на высокие баллы увеличилось

Лучшим наставником АО «Желдорреммаш» 2024 года стал работник Ярославского ЭРЗ

Экология в России и мире

Местные жители заполнили пляж, пытаясь выгнать оттуда туристов на популярном курорте: отдыхающие напомнили им, откуда они получают зарплату

Smena SS-2024

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Три спектакля о любви, которые можно посмотреть этим летом

Спорт в России и мире

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

Самсонова поддержала Андрееску после победы над ней в финале турнира в Хертогенбосхе

Самсонова обыграла Александрову и вышла в финал турнира WTA в Хертогенбосхе

Скачков и Тайлакова выиграли соревнования по настольному теннису на Играх БРИКС

Moscow.media

В центре Орла машина сбила двух пешеходов

На Азина рухнул расселенный дом

Мобильный принтер этикеток iMove T3Pro - лёгкий, производительный, компактный

Кинотеатр GOS-FILM: твой гид в мире фильмов







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *