Йохийна гIишлош, уьду нах: кхаа провинцин центраш дIалаьцна "Талибано"
![Йохийна гIишлош, уьду нах: кхаа провинцин центраш дIалаьцна](https://gdb.rferl.org/ef3890b9-2e8a-4e59-ae68-00a32ac5934f_w800_h450.jpg)
ОвхIанистанехь лурдоьлла тIемаш бахьанехь иттаннашкахь гIишлош хIаллакйина, маьрша бахархой уьдуш бу махкара. "Талибанан" тIемалоша дIалецна кхаа провинцин административан центраш, шайлахь Кундуз гIала а йолуш.ТIалибаша Кундузера Iедалхойн коьрта гIишлош дIалаьцначу юкъанна, Iедалан ницкъаша шайгахь латтош ю аэропорт а, тIеман база а. Схьагарехь, "Талибанан" карахь ю иштта Сар-э-Поль, Талукан гIаланаш а.
ТIемаш бу беш Къилберчу Лашкар-Гахехь а, Къилбаседа-Малхбузерчу Гератехь а.