Sukhoj Superjet-100 цIеххьаша лахаделлачул тIаьхьа охьахиъна Шереметьевехь
![Sukhoj Superjet-100 цIеххьаша лахаделлачул тIаьхьа охьахиъна Шереметьевехь](https://gdb.rferl.org/55846D78-6B84-4322-8A8E-3AD5C1CB76B7_w800_h450.jpg)
Волгоградера Москва доьду Superjet кема Тамбов кIоштан тIехула долуш бохаман сигнал а елла, цӀеххьашха лахделлачул т1атхьа охьахиъна Шереметьевохь, хаам бо Свобода Радионо. Хьалхо кема галдаьлла хиларх лаьцна хаам бинераа "Интерфакс" агенталло, шен хьастана тIе а тевжаш. Хаам бинчунна дийцинера, герметизаци дIаяьлла хилла хила мега кеманан аьлла.
"Sukhoj Superjet-100 кема Волгоград—Москва рейс еш ду. Тамбовн кIошта тIехула долуш цо бохам баьлла хилар хоуьйтуш сигнал а елла, цӀеххьашха лахделла. Гарехь, гермитизаци дIаяьлла хила мега кеманан", - аьллера "Интерфаксан" къамелхочо.
ТАСС агенталлан хьастано а аьллера, кемано бохам хилла хилар хоуьйтуш сигнал елла хиларх лаьцна а.
Кема охьахаар кхиаме, хила ма-деззара дIадирзина, хаам бо "Интерфаксо".