Мехкадаьтта дайлуш ду юха а
![Мехкадаьтта дайлуш ду юха а](https://gdb.rferl.org/344724FF-1B8C-4D86-9AC4-932A57E593A4_w800_h450.jpg)
Кхушара ГIадужу-баттахь эцначуна дIакхачор долчу Brent маркин мехкадаьттан мах охьабаьлла 65 долларал а (-2,23%). Коьртачу декъана цу кепара мехкадаьтта духкуш ю Оьрсийчоь коьртачу декъана. Лондонерчу биржехь иза доьхкина цхьана черманах 64,97 доллар мах а болуш. Цуьнах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.
Т!аьххьара Brent 65 долларал а механа дайделлера кхушара Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь. Марсхьокху-беттан 21-чу буса Москварчу хенаца буьйса юккеяьлча махбеш цуьнах лора 65,04 доллар (-2,12%) цхьана черманах.
Оццу хенахь WTI олучу маркан мехкадаьттан мах охьбаьлла 61,86 (-2,58%) долларе кхаччалц.