Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Теш: Магасерчу митингехь хиллачу провокаторшлахь Евкуровн хадархой а бара

ГIалгIайчохь хиллачу протесташна тIехула лецначу жигархойн рогIера кхеташо дIаяьхьна Кисловодскерчу кхело Ессентукехь. Тешех цхьахволчо (прессехь цIераш йохуш яц цхьаболчийн – редакцин билгалдаккхар.), полицин хиллачу белхахочо аьлла кхеле, Нохчийчоьнца дозанашца хиллачу бертана дуьхьал Магасехь хIоттийначу митингехь провокаторшлахь бара хIетахь мехкан урхалхо лаьттинчу Евкуров Юнус-Бекан хадархой аьлла.


Адвокате Куриев Джабраиле тешо, экс-полисхочо кхелехь дийцина, провокаторшлахь шена вовзарх оцу заманчохь республикан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекан хадархой бевзира шена аьлла. Адвокато дийцина, митингехь яьхна керла видеош толлуш бу кхелахой аьлла.


Цхьана видео тIехь гуш ду, бехкебечаьргахьа тоьшалла деш волу гIудалкх чохь волу заьIапхо Дударкиев Адам митингхой а, Росгварин белхахой а вовшах ца латийта хьийзаш.


"Суьдехь цо бахара: "ХIара агIо а, важа агIо а дIатеян гIертара со. Вайн берашна тIе мохь хьоькхура ас, кхо ша юхадовла бохуш. Ткъа Росгвардин белхахой мелхо а гергаоьхура оццул". Цара провокаци йира", - дийцина Куриевс.


Питана деш бакъоларъяран органаша серло а тухуш, гIовгIа йоккхучу гранатех пайдаийцира аьлла, тоьшаллаш далийна тешаша митинган жигархошна тIетовш.


Росгвардин белхахойх болчу тешаша хьалхо дийцира кхелехь, "чхьонкар а ма лелайе" аьлла, шайга дина омра хиларх. Ткъа, адвоката бахарехь, цара чхьонкарш лелийна хилар а, првокацеш ярх а  тоьшаллаш до видеоша.



"ГIалгIайн бехктакхаман гIулллакхехула" бехке бийраш дуьхьалонан акцеш еш бара Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьна а юкъара доза нийса билгалдаьккхина дац бохуш. 2019-чу шарахь Зазадоккху-беттан 23-хь Магасехь хилла митинг дIайирзира ОМОН-ца а, Росгвардица а тасадаларш а хуьлуш.
Хьалхо бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар) политикан тутмакхаш бу аьлла, дIакхайкхира гIалгIайн оцу дуьхьалонан акцешна хьлахабевлла лелларш.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *