Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кабулехь теракташ дайтина даIишхо вийна, хаам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа

Карарчу беттан 26-чохь Кабулерчу аэропортехь динчу лелхийтаршна дуьхьал  дронаца тохарш дина Американ эскархоша "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь йихкина ю) шех олучу тобанхойн декъашхошна. Коьртачу ТIеман буьйранчийн ницкъаша бина и хаам. Операци дIаяьхьна хилла шоьтан Iуьйранна.


Теракт динарш Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна карор бу, бекхам а бийр бу аьлла, дIахьедира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена хьалхо.


Пачхьалкхан малхбалерчу Нангахар провинцехь динчу тIелатарехь вийна "Исламан пачхьалкхан" декъашхо, хетарехь, лелхийтарш дайтинарг.



Дахначу еарин дийнахь Кабулерчу аэропортехь динчу эккхийтаршкахь беллачийн терахь 200 гIоьртина, шайлахь 13 америкахойн тIемало а волуш. The Wall Street Journal гIирсо яздо цунах лаьцна Афганистанерчу могушалла Iалашъяран министраллана тIетевжина.
Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.
ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *