Джумаевн адвоката апелляци йина кхелан сацамна
Хан тоьхначуьнан нанас Мархиева Лизас дIахьедина, шен кIант оппозицица юкъаметтигаш лелийна вац, ткъа дуьхьалонан акцехь ша а, кхиболу нах а ларбан гIоьртинера иза ницкъаллин структурийн белхахойх аьлла.
Навальныйна гIортор еш Дечкен-баттахь хиллачу акцехь дакъалаьцначу нахана динчу таIзарех уггар луьраниг ду Джумаевна динарг.
Москварчу Тверской кIоштан кхело колонехь даккха пхи шо хан тоьхна Москварчу пачхьалкхан университетан студент волчу Джумаев Сайд-Мухьаммадна. Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна бехке вина иза, Оьрсийчоьнан оппозиционер волчу Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхойх тийсаваларна.