Шемахь тIом барна бехке вина ГIалгIайчуьра вахархо
Болчу хаамца, иза бехкевеш ву "федералан низмашца хила йиш йоцчу тIеман тобанна юкъахь леларна", хаам бу ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхаллин сайта тIехь.
Талламхоша дийцарехь, бехкевийриг Шема вахна хилла Охан-беттахь 2015-чу шарахь. Цигахь иза дIакхетта оцу мехкан президентана Асад Башарна дуьхьал йолчу оппозицин тIеман тобанах. Карарчу хенахь а ву иза, боху талламхоша, Шеман армин дакъошна дуьхьал тIом беш.