Лукашенко "майра а, бакъхьара а стаг ву", аьлла Кадыровс
"Доккхачу элпаца хьахон адам а, политик а, бахаман кхиаме урхалладархо, доьналла долу, майра а, бакъхьара а стаг, везаш а, лоруш а волу хьекъале политик", - аьлла ду Кадыровн телеграм-каналерчу постехь.
Кадыровс чIагIдо, "Беларуси тахана уггар дика кхуьуш йолу пачхьалкх хилар Советан пачхьалкхах йисинчарах".
Нохчийн куьйгалхочо Нохчийчу кхайкхина Лукашенко, "цигахь иза доьналла долу, бакъхьара стаг санна лоруш" хилар а хьахош. Кадыровс аьлла "къаьсттинчу догдикаллица тIеоьцур ву ша беларусийн президент.
Хьалхо хаамаш баьржира Кадыров Рамзана декъалварх лаьцна Лукашенко Александр президентан харжамашкахь толам баккхарца.
2019-чу шарахь Мангал-баттахь Лукашенкос "Къаьмнийн ДоттагIалла" олу орден елира Кадыров Рамзанна. Иза ша ло "кхечу наханна делла ца Iаш, вайн къоманна а доккха ирс кхачийначу стагана", - элира Беларусин президента.
Цул хьалха Мангал-беттан 2018-чу шарахь Нохчийчу ваханера Лукашенкон воккхаха волу кIант Виктор. Иза хилира Гумсерчу леррина эскаран тобанаш кечйон университетехь.