Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кабулера эвакуаци яран жамIаш "боккха кхиам" бу аьлла Байдена

"Бокка кхиам" бу америкхой а, кхечу пачхьалкхийн бахархой а, ишта афганхой а цхьаьна, Кабулера арабохуш дIаяьхьначу операцин жамIаш аьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена. Афганистанера тIемалой арабахарца доьзна шинарин дийнахь шен къоме вистхуьлуш дина и дIахьедар цо. Американ дуккхаъчу политикаша а, комментаторша а критика йира Байденан администрацина, йинчу эвакуацина а, иза кхин дIа ца яхъян бинчу сацамна а, операци байначу беттан 31-чохь ерзорна а.


Цара дуьйцура аэропортехь хуьлучу кегарих, иттаннашкахь беллачу афганхойх, Американ цхьаболу бахархой эвакуацин рейсашна тIе ца кхачабаларх. Церан емалдар дIатеттира Байдена ша вистхуьлуш. Цо дIахьедира, 16 дийнахь Кабулера 120 эзар стаг араваьккхина хиларх, шайлахь пхи эзар сов амеркхо а волуш, иштта кхечу мехкийн бахархой а, доккхачу декъанна, Афганистан шайн дола ерзийначу тIалибех Iалашбан безаш хилла афганхой а цхьаьна.


Байдена бахарехь, хIаваэхула нахана эвакуаци еш исторехь цул а чолхе операци кхин хилла а яц. Американ президенто лаккхара мах хадийна тIемалойн а, дипломатийн а, оцу операцина юкъа мел озийначийн а. Цо билгалдаьккхина, иза тIеман операци яцара, гуманитаран яра аьлла, иштта, турпалхой бара аьлла, эвакуаци ерзон масех де дисинчу хенахь Кабулехь динчу терроран тохарехь вийна Американ 13 тIемало.


Афганистанера аравала мел луучунна, Цхьаьнатоьхначу Штаташка бахка бакъо йолчу афганхошна а цхьаьна, кхин дIа а гIо дийр ду шаьш аьлла президенто. Царна дIабоьлхуш новкъарло йийр яц шаьш аьлла, тIалибаша дош далар карладаьккхина Байдена.


"ТIом берзо хан кхаьчна", - аьлла президенто. Цо билгалдаьккхина, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Афганистанехь хилла коьрта Iалашонаш кхочушйина хиларх.


Байдена бахарехь, пачхьалкхо шен боллу къийсам тIехьажо беза керлачу кхерамашна дуьхьал, юкъахь Китайра а, Оьрсийчоьнера а болу кхерам а билгалбоккхуш.




20 шо гергга зама яра Афганистанехь Американ эскарш латтон. ХIетахь Афганистанехь вехаш хиллачу террорхойн "Аль-Къайда" тобанан лидеро Iусама бен Ладена Гезгамашин-беттан 11-чохь теракт дайтинчул тIаьхьа йолира оцу пачхьалкхехь операци. Еххачу хеначохь Американа дуьхьал бара оцу тIамехь тIалибаш а.


Дахначу оршотан дийнахь Кабулан аэропортера гIаьттира тIаьххьара америкхойн кема. Цул тIаьхьа "Талибан" (Оьрсийчохь йихкина ю) боламан векалша дIакхайкхийра тIом чекхбаларх а, цу тIамехь шаьш "толам" баккхарх а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *