Бесланехь кхаа дийнахь дагалоьцур бу терактехь белларш
Кхаа дийнахь школе богIур бу мехкан бахархой зезагаш дахка а, суьйранна чIурамаш дагор ду.
2000-чу шеран Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсий эскарш арадахар тIедожош дIалецира Бесланера № 1 школа. ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лехийтарш дира школи чохь, цул тIахьа штурм йира эскарша.
Чуьрачу 1 100 хьехархойх а, дешархойх а вийра 330 стаг, шайх ах бераш а нислуш.
Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. И дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш ву.