Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ша гIоза-декъал ю, боху Нохчийчохь хьийзош ю бохуш юьйцучу Тарамова Хьалимата

Социалан машанашкахь кхайкхам баьржина, зорбанан гIирсаша лачкъийна, ницкъ ловш ю бохуш юьйцучу Трамова Хьалимата. Цуьнан къамел зорбане даьккхина pro_chechnya инстаграм агIонехь.


Жимачу зудчо боху ша кIадйелла шех а, шен доьзалах а лаьцна харц хабарш а, эладташ а даржорах. Видео яккха дезна шен боху цо шен, ша йийна, подвала чохь латтош ю, хьийзош ю бохуш наха харц хабарш даржош хиларна .


"Хоуьйту ас со лортIехь ю, со ца йийна, со сайн доьзалца а, гаргарчу а, юххерчу нахаца ю, ас чIогIа доьху йитахьара со", - боху йоIа.





Кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан I0-чохь ницкъаша Нохчийчу дIайигина Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Иза ядош гIодина меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.
Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.
Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Тарамова гайтира меттигерчу "Грозный" телеканалехь. 35 минотехь яьккхина лерина репортаж гайтира телехьожийло, Нохчийчуьра йоI "лачкъо гIортарх". Видео тIехь цо элира, шен гIуллакхаш дика а ду, цхьаммо а еш гIело а яц шена, "дага ца догIу" шена ша шелтере муха кхаьчна а аьлла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.


Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *